– элира цо, шен мекара бӏаьргаш нехан йаххьашна тӏехула а кхарстош. – Дала тхуна, ӏеламнахана, тӏедиллина декхар ду тхайна хуург шуьга дӏакхайкхор. И ца дича, кханалерчу дийнахь Дала тхоьга жоп доьхур ду, тхайна тӏедиллина декхар оха кхочушцадарх. Цундела вайна тӏехӏоьттинчу кху халачу киртигехь тхаьш ала хьакъдерг дӏаолу оха. И кхозлагӏа некъ дийнал-ислам маьрша долчу, бусалба паччахь волчу Хонкара махка дӏакхалхар бу. Вола бохуш, цхьанне а ницкъ бийр бац, цига кхалхар цхьанне а тӏе а дожор дац. Амма тхо цхьадерш цига кхелхаш ду. Шуна ма-хаъара, шайн доьзалшца цига кхелхаш бу Гихтӏара ӏуспанан Сайдулла а, аьрстхойн Цугин ӏелаха а, шуна буьйцу хезна Гӏойл дехьара Боташ, Жанар-ӏели, Хьаьдаз, кхин дуккха а. Нохчийчохь цӏарна а цӏейахана нах бу уьш. Мацалла гӏаддайна а, ӏедало бӏарзбина а ца боьлху уьш цига. Дуьххьалдӏа, кхана шайх хиндерг, шайн вежарех, къомах хиндерг гуш, боьлху. Цига кхелхаш ву шуна Киши-Хьаьжин ваша Мовсар а. Делан лаамца, керста ӏедало цига дӏавуьгуш ву вайн устаз Киши-Хьаьжа, цунна тӏаьххье, лецна, махках баьхна вайн берриг динадай а. Цига дӏавоьдуш ву устазо шел тӏаьхьа верас витина Салам а, Мӏаьчиг а. Цига воьдуш ву шуна атагӏойн Вара а. Цига дӏавоьдуш ву шуна со а, хӏара Нуркиша а, Зандакъара Бӏагӏало а. Ас цӏераш йаьхна и берриг нах шайн доьзалшца, йиша-вешица дӏакхелха цига. Дерриг шайн тайпанца дӏабоьлхурш а бу.
Нуркишас а, Мадас а дуьйцург хӏумма а керла дацара гатийуьртахошна. Дукха хан йара и хабарш кхуза ӏийдало. Яьссица хьала а, лакхара охьа а, дукъал тӏехьара схьа а. Амма бакъ ца моьттура. Эладита а хилла, дисарга догдохура. Ткъа тховса церан лергашна хезнарг бакъ ца хуьлийла дац. Хӏара шиъ лула йуьрта йахана йа цигара хьошалгӏа йеана ши зуда ма йац. Далла кӏел а хиъна, харцдерг дийца йиш йоцуш ӏелам ши стаг ву. Амма кху ӏаьнан дийнахь лулахойн чу сакъера ваха а тӏедуха барзакъ а доцу стаг дӏога дуьненан йисте, цабевзачу, хийрачу махка кхелхина муха гӏур ву?
– Шу-м шайн теттина таронаш йолуш нах дара, Мада. Шу-м, дахча, гӏур дара цига, ткъа оха, къечара, хӏун дан деза? – аладелира Мӏаьчиге, ша муха олу а ца хууш. – Тховса хьакхо рицкъа а доцуш, меца-мела доьзалш охьа а