Стенна делахь а, тахана цунна дагадеара дуьххьара шена ӏела вевзина де.
Теркан гӏалгӏазкхийн шатайпа столица йара Оьрза-Гӏала.
Кхуза хьажа-хӏотта чуверзаза тӏех ца волура Кавказе веана муьлхха а цӏейахана стаг. Кхузахь хиллера инарла Ермолов а, эла Гагарин а, Воккха Эла Михаил Николаевич а, гӏараваьлла Александр Дюма-да а, Лев Толстой а.
Нохчмехкан дозанерчу станицех уггар хьалдолуш йара иза. Бӏе ткъа чаккхарма дӏасадаьржина дара цуьнан ши бӏе эзар десятин латта. Хӏор а гӏалгӏазкхичун доьзална, йуккъерчу хьесапехь, бӏе итт десятин. Ткъа оццу хенахь нохчийн долахь бисина берриг мохк кхузткъе итт йеакӏов миль бен бацара. Оьрзгӏалахойн мохк цхьа шатайпа вон амалш йолуш бара. Аьхка, хӏор а денна бохург санна, кхечахьа доцчу тайпана, къилбаседа-малхбалехьара цхьа чехка мох хьоькхура кхузахь. Йоккхачу гӏовгӏанца цо гӏатточу чено мокха дохк хӏоттадора бӏаьрго ма-лоццу. Оцу йуккъехула стигалахь гуш хуьлура, цӏестан шун санна, горга маьлхан цӏен хӏоз. Ишттачу деношкахь арахь гуш садолу хӏума ца хуьлура. Дарц санна, хӏаваэхь хьийзачу гӏамаро бӏаьрг белла а, садаӏа а ца вуьтура. Иза гӏертара бӏаьргаш чу а, мера чу а, бага а, лергаш чу а. Хеталора, иза пехаш чу оьхуш санна.
Ӏела дуьххьара цига вахара тӏом чекхбаьллачу шолгӏачу шарахь. Хӏетта Айза а йалийна ваха хиъначу кхунна бахамехь оьшуш дукха хӏума дара. Сту-ворда хьовха, атталла марс-мангал а, бел-шада а дацара церан долахь. Оцу шерашкахь лам чохь къаьсттина къен дара эчиг а, туьха а. Уьш каро-м хала а дацара, дӏадала ахча хилча. Ткъа ӏелин долахь дацара бурмах вала шай а. Айзас хьаннашкара лехьийна кхораш, хьаьмцаш, цӏахь бина бӏаьлланган кӏора а эцна, шен а, Чорин а цхьацца сту а боьжна, Айзица Оьрза-Гӏала вахара иза.
Цига герга мел гӏоьрти, дохковуьйлура иза новкъаваларх. Кхузахь хьаннаш йара, тоьхча, йукъа чӏу а гӏур боцуш йуькъа. Цхьаьнгге а чуьра дечиг ца хьадойтуш, чӏогӏа ӏалашйеш. Йуккъехула – хаза нийса некъаш.
Чоьхучу сирлачу шовданийн хиша буьзна куьйга баьккхина боккха хаза ӏам. Цунна гонаха, бурсанечу дитташ кӏел, тӏе охьаховша дина гӏанташ, тховкӏелош, лекха бираьнчикаш. Дуьнен чохь цхьаннахьа мацалла а, эшам а боцуш санна, оцу