Оцу йуккъехь масех тӏаьхье а хийцайелла. Дӏайаханчу заманахь шина а агӏорчийн дай, цхьа вежарий санна, бертахь баьхна. Ткъа церан тӏаьхьенех вовшийн мостагӏий бина паччахьан ӏедало. Оцу тӏамо а, ӏедало а хийцина адамийн амалш, гӏиллакхаш, дог-ойла а. Адамаллех бохийна, акхаройн амалшка берзийнарш а бу. Хьанна хаьа, ӏеле оьгӏазе хьоьжучийн да, ваша, кӏант нохчаша вийнехь а? Царах цхьанна чӏир йекха дагадагӏахь? Хьерадевлла адамаш массанхьа а ма ду. Шиннахьарчийн йарташкахь.
Цул сов, ӏедало ша а дуьхь-дуьхьал ма ӏуьтту хӏара ши къам. Йуккъе мостагӏалла, цабезам, цатешам буллу. Изза до мозгӏарша а, молланаша а. Бусалбанашна а, керстанашна а йуккъехь машар-барт хила йиш йац, боху. Церан массеран а меттанаш, гӏуллакхаш бахьана долуш мостагӏалла доьлла нохчашний, гӏалгӏазкхашний йуккъе. Хӏунда дора иза? Тӏе, цара дуьйцучух хӏунда ӏехало нохчий, гӏалгӏазкхий? Шиннахьарчийн дай ма баьхна, цхьа доьзал санна, бертахь. Кхидӏа а даха хӏунда ца мега? Мега, дера-кх, амма дитац-кх. Оцу питанчашна оьшу хир ду-кх иштта мостагӏалла…
Ӏела гӏалатваьлла ца хилла. Цуьнга гома хьоьжучех хьаьрсаниг, пхьуьйшаш хьала а керчош, стаммий пхьаьрсаш гучу а дохуш, стомма ворта а саттийна, бугӏа санна, меллаша ӏелина тӏевогӏавелира.
– Вежарий! Айкх ма ву хӏара! Лачкъо хӏума йуйла хьажа ваийтина! – цергаш хьакхийна, цӏеххьана ӏаьхира иза: – Йетта басурманна!
Айза букъа тӏехьа а лоцуш, ворданна тӏе йухавелира ӏела. Цуьнан шен бертаза вертанна чухула доьхкарх йоьллинчу шина тапчина тӏекхевдира куьйгаш. Амма цо йухаозийра уьш. Собар дара коьртаниг. Айза мукъана а ма йелара цуьнца. Берах ма йу иза…
И дерриг а бӏаьрнегӏар тухучу йукъана хилира. Амма оцу минотехь тобанна йуккъехь маьхьарий девлира:
– Йухавала, сволочь!
– Станицина эхь дан воллу хьо!
– Фролов! Хьоьга ца боху ас йухавала!
Тобанна йукъара схьаваьлла цхьаъ ӏелиний, Фроловний йуккъе хӏоьттира.
– Хӏан-хӏа, и хьайн хьаьрса диркх хьалаайъал, Фроловгӏеран зуд! – чоин пхьуьйшаш хьалакарчо хӏоьттира ӏелин орцахо. – Айъа, айъа! Ас силу йийр йу хьан иза!
– Дӏайала хьалхара, пис, – кӏоршаме човхийра иза Фроловс. – Хьо тайпа сагӏадоьхургаш йу цара шайн лаьмнашкахь, мара а лелхаш, тӏеоьцурш!
1. Батт