а хиъна стерчий лоьхкуш вогӏу Корней, майданна гена мел вели, гӏеллуш гора ӏелина. Корнейн дуькъачу, сирдала доьллачу ӏаьржачу цӏоцкъамашна бухарчу ӏаьржачу бӏаьргаш чохь а, хебарийн шеддаш хӏиттинчу лекхачу хьажа тӏехь а цхьа йоккха гӏайгӏа йара. Бӏаран дечигах йинчу куьйго а, кӏуьро а ӏаржйинчу луьлли чуьра схьауьйзу кӏур сихбинна чу а бетташ, цхьана хӏуманан ойла йора цо.
– ӏела, хьайн Делан дуьхьа, бехк ма биллалахь, – долийра цо йуха а. – Сайн ницкъ хилча, ас хьуна дийр доцуш дика дацара… Амма со а ву, хьо санна, къен стаг. Дӏо разйаьлла тоьла гой хьуна? – пӏелг хьажийна, эрзан тхов болу лоха, кир тохаза тиша жима цӏа гайтира цо. – Иза бу сан бахам. И тоьла тӏанк-аьлла йуьзна бераш доцург, кхин хӏума дац со да волуш. Шу оцу тоьли чу дигар…
Хӏинца хиира ӏелина, шен керла хьаша стенна гӏелвелла.
– Ахь хӏун дуьйцу, Корней? – бехкбаккха вуьйлира иза. – Моьттур дац, со паччахьан гӏаланашкара веана! Хьан деган цӏеналла дерриг дуьненан бахамал йеза йу. Ма дийцалахь!
– Хӏан-хӏа, ӏела, ца лаьа суна шу сайн хӏусаме дига, – корта ластийра Корнейс. – Ас Андрей волчу дуьгур ду шу. Иза мел дика адам ду, хьайна хаахьара!.. Цуьнга бен далур дац шун гӏуллакх. Цига дӏагӏур ду вай.
Ӏелина дика хаьара къечу стеган хьал. Хьаша-стаг шена мел везахь а, цунах ида деза цуьнан. Гӏиллакхна а шен хӏусаме вола ала ца ваьхьа, иза варна кхоьруш. Доцца аьлча, иза мел воккха турпал велахь а, къен стаг воцчу новкъа ву.
Оцу дийнахь бевзира ӏелина Андрейн оьзда доьзал. Шаьш хӏара шиъ кхачаре сатуьйсуш ӏийча санна, деладелла, декхаделла гонаха хьаьвзинчу Андрейс а, Наташас а, сихха чу а дигна, йалсаманехь санна, и буьйса а йаккхийтина, кхушинна оьшург а делла, шолгӏачу дийнахь цӏа хьажийра ӏелий, Айзий.
…Оцу шеран ӏаьнан цхьана дийнахь, суьйре цӏевзинчу хенахь, Оьрза-Гӏали чувоьлла вертанех хьаьрчина ши бере, новкъахь дӏаса а ца хьожуш, чаболахь вахана Корнейн мискачу хӏусамна гергагӏоьртича, говрашкара охьа а воьссина, церан урх лаьцна, кетӏахь сецира. Цигахь севцца береш гина, араваьллачу Корнейна ца вевзира бӏаьргашна тӏетаӏийна куйнаш техкина, коьртех башлакхаш хьарчийна, герзах воьттина лаьтта кӏайн ши стаг.
– Де дика хуьлда