бераш? Узуш бежана дац вайн, дожа хьайба дац. Тховса даго дечиг а гихь деана ас. Ткъа ахь лома вахар хьехадо.
Чохь тийналла хӏоьттира. Тӏелхигаш кӏел ӏуьллучу деа берах цхьамма, мара уьйзуш, хур-тӏур дора. «Хушшехь» сийсара кхерчара тӏеда гуьйриг а. Хьерадаьлча санна, массо маьӏӏехула чугӏертара дарц. Дега ала хӏума дацара Коьрин. Иза бакълоьра. Коьрина шена а дика хаьара шайн боцу аьтто. Готанна йетт, старгӏий доьжна, хала аьхначу ирзо тӏера хӏумма а ца йелира царна. Йокъано дагийра йалташ. Йетт, старгӏий ду церан. Йетт боьхкича, берашна хинболчу шурин ӏайгах хеда. Старгӏа йоьхкича, йужучу хӏумане догдохийла дӏайолу. Цхьаццангара йалта кхоьхьуш, декхарийла боьлла уьш. Ткъа тахана карахь йалтин цинц а бац. Керла йалта тӏедан хьовха, бӏаьсте йала а бу ши бутт…
– Тӏехула тӏе, кӏант, керстанах хӏара мохк маьршабоккхур бу вай бохуш, хабарш йуьйцуш, и герзаш меттахъхьедечу кегийрхошна улло а ма гӏерта. Бус-буса цхьаццанхьа тобанашка а гуллуш, аш йен хьаьжар-гуьжарш цуьрриг товш вац со. И дерриг эрна ду. Бӏе шо кхочуш доллу вай гӏазкхех лета. Сан денда Маӏаш а, сан да Маьнтак а велла церан карах. Со а къанвелла оцу тӏамехь. Вай тоьлучуьра даьлла хӏара.
Цӏенкъахь берзина когаш шелбелла Коьра, шена кӏел цхьа гуьйриг оьзна, когаш кхерча а берзийна, охьахиира. Чӏогӏа тата доккхуш къевкъира чуьйраш. Хеталора, йоьхьаш, вовшийн худа гӏерташ, хьерчаш санна.
Коьрас бӏаьрг туьйхира ден а, ненан а, йишин а йаххьашка. Холбатахь йаьллича санна, йуьхьа тӏехь бос бац шина зудчун. Шовзткъа шо долу нана а, вуьрхӏитта шо долу йоӏ а цхьатерра къена хета. Хебарша аьхна ден мокха йуьхь а. Сирйелла маж. Сийна пхенаш тӏедевлла, гӏарладоьлла куьйгаш. Хебна белшаш, царна чуийзина, дацделла лаг. Биллина тӏехь лаьттачу безачу балано саттийна букъ. Бӏаьргаш чохь дохк йу. Цара догдиллина дуьненах…
Церан терго тховса дуьххьара ца йинера Коьрас. Дукха хан йара цо пхийттара валаре сатуьйсу. Стага стагаца санна, деца къамел дан шена бакъо йаларе сатуьйсу. Хӏинца тӏекхаьчна и хан.
– Дада, сан пхийтта шо кхочуш доллу хӏинца, – долийра цо, къонахчо санна, паргӏат, сих ца луш. – Тахана доьзалехь хьан гӏоьнча ву со, кхана, хьол