– Оцу нохчашца долчу гӏуллакхна хӏилла а, само а оьшу. И шиъ ду вайн тешаме союзникаш, – элира Кундуховс, командующи вист ца хуьлуш сецча. – Нохчийчохь керла Шемал ца гӏаттийта. Вайгахь хӏилла а, само а ца хилахь, гӏуллакхаш бохаме доьрзур ду цигахь.
– Шолгӏа Шемал кхин хир вац цкъа а, – доцца хадийра Лорис-Меликовс.
– Бакъду-кх иза а. Иштта стаг бӏешарахь цхьаъ волу дуьнен чу.
Лорис-Меликов велавелира.
– Хьо нийса ца кхетта ас аьллачух, – корта ластийра Михаил Тареловича. – Шемалх дозуш дацара хьалха кхузахь хилла гӏуллакхаш. Со къера ву Шемал хӏокху ламанхойн хьелашкахь майра, хьекъале стаг а, говза администратор а хиларна. Амма, цхьаболчара ма-вуьйццу, говза полководец вацара, аьттехьа а. Вайца тӏамехь баьхначу толамашкахь цуьрриг а дакъа дац цуьнан. Летарш а, толамаш бохурш а цуьнан хьуьнаре, говза а, майра а наибаш бара. Тӏе, хьуна дицделла, сан хьомсарниг, Шемалх дуьнен чохь цӏейаххана стаг винарг и нохчий хилар. 1839-чу шарахь Ахульгохь дагестанхойн шайн гӏоьнца вай дӏа ма-воьллинера иза. Дагестанан лаьмнашкахь шен ворхӏ накъостца, экха санна, эккхийна лелош волу иза Нохчийчу кхечира. Кхузахь нохчаша туш делира цунна. Цуьнан ирсана, вайн дакъазаллина, йа нийсса аьлча, массеран а дакъазаллина, дукха хан йаллале Нохчийчохь йукъара гӏаттам хилира. Ахь цӏе йаьккхинчу Пуллон гӏалаташ бахьана долуш. Мацах цкъа французийн революцино Наполеон санна, кхузахь халкъан дарцан тулгӏеша айъира Шемал. Тӏаьххьарчу ткъа шарахь Нохчийчоь йара цунна тӏемалой лург а, кхачанан сурсатийн база хилла лаьттинарг а. Берриг бохург санна, баккхий тӏемаш а церан махка тӏехь хилира. Цул сов, Шемалан генералитетан уггар тоьлла а, дукхаха дакъа а нохчийн наибаш бара. Доцца аьлча, нохчийн таррийн йуьхьигашца историн анналашна тӏе гуттаренна а шен цӏе йазйина цо. Шемал саннарг карор ву хӏинца а, амма хӏетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а бац хӏинца. Оцу бехачу тӏамехь хӏаллакьхилла церан хьекъале, говза тхьамданаш а, майра тӏемалой а. Бисинарш Шемала талхийна.
– Вай а ца ӏийна, куьйгаш тӏекӏелдехкина.