ма-дарра сурт ца хӏоттало оцу тамашийна, цхьа шатайпачу куьце йуьхьан. Урамехь дуьхьалкхетча, Коьра шега хьаьжча, цӏийлора цуьнан ховха беснеш. Къоьзан-ӏам санна, сийна, цӏена, кӏорга цуьнан ши бӏаьрг дӏахьулбора дуткъачу ӏаьржачу цӏоцкъамаша. Иза тӏехйаьлча, саца а соций, къайлаха цунна тӏаьхьахьоьжура Коьра. Дайн болар, букъ буьзна стаммий, йеха, дешин бос беттало кӏажарш. Дукха хан йу Коьрина иза къайлаха йеза. Вовшашка дош аьлла дист ца хиллехь а, хаьара Ровзина мелла а кхуьнан шега безам буйла. Амма Коьрина кхин а хаьара. Шен къоьллиний, церан хьоланий йуккъехь лаьтташ ворхӏ лам, исс корта болу саьрмак а хилар. Хӏетте а, цо дог ца дуьллура шен безамах. Хӏинца иза пхийттара волуш воллу. Цхьакӏеззиг хан йаьлча, миччахьа дӏахӏотта бакъо йолуш, вуьззина стаг хир ву цунах. И санна къоьлло хьийзораш Теркал дехьа, гӏалмакхойн аренашка а къолах боьлху. Бакъду, шайн доьзална напха даккхар бен, кхин хьал-м ца лоьху цига боьлхучара. Наггахь накъостийн декъий а, догӏмаш тӏехь луьра чевнаш а йохьу наха цигара. Цуьнан-м ойла ца йора Коьрас. Цкъа дуьсур долуш дуьне ду хӏара. Тховса ду цара илли аьлча:
Вай, делча, денлур дац,
Къанделча, къонлур дац.
Вай динчу наноша
Вай йуха дийра дац.
Жимачохь цабиънарг
Безам вайн мерза бац,
Ша висча лахьти чохь
И биъна стаг ма вац…
Хьанна хаьа, накъосташна коьрте а хӏоьттина вахча, паччахьан почта йа гӏалин банк йаккха аьтто нисбала а там бу цуьнан. Оцу цхьана дийнахь цуьнан аьтто бала тарло и ворхӏ лам хадо, оцу саьрмакан исс корта божо. Тӏаккха цо Ровзе майрра дӏахьебийр бу ша даг чохь оццул лерина къайлехь латто безам! Амма Коьрас ша йа да, Хортӏагӏеран хьовха, хьеннан а чухӏоьттича, цо Ровзех догдилла деза. Коьрин тӏаьхьенна а тӏехь йуьсур йу и цӏе…
Йеккъачу цхьана Зазуна хаьара вешин къайле. Цо а сатуьйсура, вашас зуда а йалийна, ша ловзарга хьийзаре. Мел Ровзега догдохуьйла йацахь а, тӏекхаьчча, Зазус хьестара иза. Вешин безам. Вешин самукъе. Вешин дуьне.
– Дада, ахь дуьйцург хиндоцург ду! – хезира Мӏаьчигна Зарун сацаме дешнаш. – Вай мацалла лийр делахь а, йа хьо а, йа Коьра а нахана чухӏуттур вац! Хортӏел хьо а ца оьшу, Яьлбикел сан нана а ца оьшу. Сан вешел куьце,