ваций моттаделла Бота, вайн администрацица дов а даьккхина, ведда нохчашна тӏе вахара.
– И шен куралла бахьана долуш, цхьаьнцце тар а ца велла, – тӏедуьзира Головаченкос, схьаэцна котаман гӏогӏ саттийна каг а деш.
– Имамо воккхавеш тӏеийцира Бота, – бендоцуш дуьйцура Муравьевс, ша хьалалаьцначу хрусталан стаканах чекх а хьоьжуш. – Муха ца оьцу, оьрсийн эскарийн тӏеман говзалла, кхузара вайн эскарш, инарлаш, шен пхи пӏелг санна, шера бевза эпсар. Ботех наиб а, шен разведкин начальник а вира имамо. Дукха хан йалале цуьнан кара велира Нохчийчуьра масех наиб. Царна йуккъехь вара гӏараваьлла мичкахойн Эски а. Шен мах хуу Бота сихха куравелира. Шен куьйгалли кӏел болу наибаш хьийзо а, Шемал ца лера а вуьйлира. Иза а кӏезиг хийтира цунна. Хьолана сутарчу цо муьлххачу а некъаца стамдора шен хьал. Наибашлахь уггар майра а, хьекъале волчу цуьнан мостагӏий де дийне мел дели алсамбуьйлура. Хаддаза имамна тӏеоьхура Ботина ден аьрзнаш. Магӏарчу нахера хьовха, наибашкара а. Царна йуккъехь интригаш йолайелира. Оцу интригашкахь дакъалоцуш вара Эски а. Дӏателлича, Ботина ден аьрзнаш бакъ карийначу Шемалан иза коьртачу наибан декхарх мукъаваккха дийзира. Ботас чӏогӏа лечкъадора шен имаме а, мостагӏашка а, наибашка а цабезам гӏаттар. Аьтто лоьхура бекхам эца. Тӏехула тӏе, Шемалан гӏуллакх а йуханехьа дирзира. Кавказски Линера берриг тӏеман ницкъ Нохчийчу берзийначу вайн эскарша хаддаза толамаш бохура. Ботина гира Нохчийчоьнан оьмар йеха цахилар. Хиира, цунах хаьдча, Шемал дӏаволийла. 1851-чу шарахь вайн командованис Нохчийчу йоккха экспедици кечйеш йуйла а хиъна, Шемал цунна дуьхьал ницкъ вовшахтоха вуьйлира. Нохчийн эскаршна гӏоьнна Дагестанера масех эзар стаг гулве аьлла, омра а дина, царна сурсаташ эцар тӏедуьллуш, Ботига дуккха а дато ахча делира имама. Оццул ахча каракхаьчча, цунах йалта эцаран меттана, оцу ахчанца ведда веана, тешамций, бакъдолчуьнций Барятинскийна гӏуллакх дан хӏоьттира иза.
– Ткъа фельдмаршало хазахеташ тӏеэцна хир ву иза? – цецвуьйлура фон Клингер.
– Муха ца оьцу! – велавелира Головаченко. – Маракхетта, коьртах куьг а хьаькхна, хьаьстира. Хилларш