йаккхий хир йу. Цига кхалха шайна лаар схьахьединарш тахана цкъа дуккха а бу. Дийнна йарташ, тайпанаш. Вайна оьшучел а сов. Амма, дӏабаха кечбелла, новкъа бевлла белахь а, шайн сацамах уьш бохо тарло Турце кхелхинчу кубански ламанхошкарчу хьолах лаьцна деанчу хабарой, цига кхалхаза буьсучийн гӏуллакх жимма а толур дуйла хаарой. Хьалха ас цӏе тоьхначу новкъарлонех-м графо Игнатьевс ӏалашдийр дара вай. Коьртаниг хӏун ду аьлча, нохчий кхалхор долийнарг вайн правительство хилар дукха йоккхачу къайлехь латтор ду. Нагахь, правительствон берриг нохчий Турце кхалхо ойла йу аьлла, шайна хеталахь, берриш цига дӏагӏоьртур бу уьш йа, цхьа а ца воьдуш, дуьхьалбевр бу, шаьш нуьцкъала махках ца бахахь. Цуьнан локхалло Лорис-Меликовс сайна тӏедиллинарг кхочуш а деш, сайн лазутчикашкахула ас леррина терго латтайо нохчийн ойланна тӏехь. Цара тӏекхоьхьучу хаамашка ладоьгӏча, цхьа дакъа нохчий кхалха кийча бу. Кхалха массарна а лаьа, амма вай шаьш дӏа ца хецарна а кхоьру. Ткъа ас, аш тӏе ма-диллара, оцу гӏуллакхна йукъахь вай дакъалоцуш хилар ца хаийта, кхалхорна вай дуьхьал долчуха, амма кхалхарх церан дог ца доккхуш, ларлуш, политика дӏахьо царна йуккъехь. Шен хан тӏехӏотталц, церан ойла чӏагӏйан йеза. Кхин а ду цхьаъ суна ала лууш. Кхалхо беза хан тӏехӏоьттича, кхелхачаьрца дӏаваха кечвина цхьа наха лоруш болчех, нах тӏаьхьахӏуьтту болчех кхелхачийн коьрте а ваьккхина уггар хьалха новкъа ваккха вешан масех стаг хила веза вайн. Цкъа-делахь, и гӏуллакх дийриг, царна, уьш резабеш, ахча дала дезар ду вайн, шолгӏа-делахь, вай тӏелаца деза, нагахь и масех стаг, дӏакхаьчча, цигахь виса реза ца хилахь, царна йухаберза бакъо йала.
Корах чухьоьжучу гӏушлакхе баьллачу маьлхан асанна кӏел вохвелла, дегӏ бодделла, хьалха ӏуьллучу кехат тӏехь къоламца доцций йозанаш деш хиъна ӏен Карцов, хьала а таьӏна, бӏаьргех дохку дашочу хӏазаран куьзганаш хьажа тӏе хьала а теттина, Тумановга хьаьжира.
– Хьомсара Александр Георгиевич, ахь бехк ма биллалахь йукъахваккхарна. Суна хетарехь, ишттачу нахана хьажийна харж йан ахчанна Михаил Тареловича тхайга дина дехар оха къобалдина. – Карцов хаттаре