дерг шуьга нийсса дӏаалар. Со маӏӏарел шек вац цо дӏахьош болу некъ нийса хиларх. Цул сов, нагахь вай долийна доккхачу маьӏне гӏуллакх кхиамца чекхдалахь, оцу кхиамна правительство уггар хьалха декхарийлахь хир йу майорна Сайдуллина. Цул сов, со цуьрриг шек вац, шена тӏехь и харц эладитанаш кхоьллина шен мостагӏий хьогӏе, йаьсса туьтанаш хилар цо кестта бакъдийриг хиларх. Майоран Ипполитовн кехато сан дог дохийра. Амма правительствона доккхачу маьӏнин, ткъа сайна жоьпаллин кху гӏуллакхах кхетачу ас, цхьана стеган гӏалато иза дерриг а тӏекӏелдоккхур дуйла хууш, цхьаццаболчу окружни начальникашка ца хаийтира сайн оьгӏазвахар. Сой, Сайдуллий тешна ву, тхойша цавезарш шайн зударийн эладитанаш дийца а буьтуш, кхалхаран гӏуллакх кхиамца чекхдериг хиларх! Амма, ас гӏуллакх тешна дийцарх, ма мотталаш, вайна кхерам бац. Нохчийчоь шуна йевза. Бӏе шарахь сов кху Кавказехь хьовр-зӏовр латториг и йу. Вайна ма-хаъара, Нохчийчоь хӏинца а къарйелла кӏелсецна йац. Иза Россин уггар кхераме а, нуьцкъала а чоьхьара мостагӏ ву. Нагахь вай схьалаьцна гӏуллакх Ипполитовгӏар тайпачу наха ца дохош вайга чекхдаккхалахь, Кавказехь гуттаренна а машар хӏуттур бу!
Кундуховга безам цахиларал сов, Ипполитовца гӏеххьачул гергара йукъаметтиг йолчу 80-чу гӏашлойн Кабардински полкан командирна полковникна Экельна ца тайра цуьнан къамел.
Кундухов къамел дан волавелчхьана дуьйна, йуьхь цкъа цӏийлуш, тӏаккха макхлуш, меттахъхьеш волу иза, кхин са а ца деттаделла, шена дош даларе а ца хьоьжуш, хьалаиккхира.
– Кхузахь цхьаццаболчу накъосташа, уггар хьалха господино Кундуховс, шайна пайда хилийтаран дуьхьа, Нохчийчохь хӏоьттина хьал дестийна дуьйцу. Сурт ма-диллара кхераме а дац шайтӏа! Тӏехула тӏе, суна ирча хета, господаш эпсарш, Нохчийчоь оццул нуьцкъала, кхераме мостагӏ шуна хеталуш. Вай тӏеман нах ду, господаш эпсарш. Вайх хӏоранна а дика хаьа Россин истори. Дуй кху дуьненахь оьрсийн герзана кӏел соцур доцуш халкъ? – пенах кхозучу Россин империн доккхачу карти тӏе а вахана, Днепран, Волгин лакхенна гонахара латтанаш йукъадерзош, пӏелг хьаькхира цо. – Хӏара хилла оьрсийн хьалхенийн, славянски