Хӏокху Нохчийчохь тӏом ца бина эпсар бакъволу эпсар-кавказхо ца лорура эскарехь. Цундела Кавказски тӏеман шерашкахь кхуза гӏертара гӏарабовла лаьа къона аристократаш, тайп-тайпана авантюристаш.
Цхьана масех минотехь и дерриг коьртехула чекхделира Карцовна. «Шого-м, дера, элира Экельна оцу хӏирийчо, – ойла йора цо. – Амма бакъдерг элира. Дерригенна а бехке правительство йу. Цунна лела хиънехь йа лиънехь, тоххара машар бина, Россина муьтӏахь хилла, севцца хир ма дара и ӏаламан бераш. Уггар хьалха – и къармазе нохчий а. Дерриг галдаьккхина меттигерчу администрацис. Къаьсттина – оцу кхечу махкара баьхкинчу наха. Массарчул тӏех – немцаша. Уьш бу массанхьа а. Паччахьан цӏа чуьра охьа провинцешкахь, эскаран дакъошкахь…»
Лорис-Меликов чувогӏуш хааделла, схьавирзира Карцов.
– Хӏаъ, Михаил Тарелович, нохчий кху махкара дӏабахаро бен синтем лур бац кху крайна, – элира Карцовс чувеанчу Лорис-Меликовга.
– Лаа ца олура Алексей Петровича, цул сийдоцуш, цул аьрха, цул сонта къам кху стигала кӏел хир дац, хӏара дуьне хьоькхуш лела ӏаьржа ун а ца лета царах, Дала хӏаллакбарех! Сиха а, гена а мел бехи, дикахо ду. Нагахь вай долийнарг кхиамца чекхдалахь, вай веа стага – вайшиммой, Евдокимовссий, Милютиний – цкъа а цадицдаллал доккха гӏуллакх до Россина.
– Дала аьтто бойла вайн! Хӏинца цкъа-м дика дӏадоьдура гӏуллакх. Делахь а, кхоьру-кх. Сацам хийца дукха хӏума ца оьшу царна. Молханах тера къам ду иза. Цхьа суй тоьу иза эккхийта. Тӏехула тӏе, Нохчийчохь даим а вайн аьтто бохориг цуьнан географически хьелаш ду. Кубански ламанхой махках баха-м хӏордо аьтто бира. Ткъа кхузахь нохчий Турце бига беккъа цхьа Гуьржийн Бӏаьн некъ бен бац. Суна хетарехь, Александр Петрович, уггар хьалха, ма-хуьллу сиха вешан векалехула туркойн правительствера визиральни кехаташ даха деза. Царна тӏехь гайтина хила йеза нохчий дӏатарбан Портас гайтина меттигаш. Тӏаьхьа иза-важа ца бахийта.