Цкъацкъа нохчийн аьтто хуьлура и шайн мостагӏий, лулара феодалаш, шайн йаьӏни тӏера дӏакхийса. Амма линехь болчу вайн воеводаша, Нохчийчу таӏзарийн экспедицеш йой, нохчийн дуьхьало а кагйой, и церан мостагӏий йуха а церан коча ховшабора. Хӏетте а, Россица девне ца бовлура нохчий, ма-хуьллу оьрсашца машар ларбан гӏертара. Оцу тӏехь йоккха меттиг дӏалоцура церан лулахь шина бӏе шарахь бехачу Теркан гӏалгӏазкхаша. Нохчий а, гӏалгӏазкхий а дика лулахой бара. Йукъараллин дӏахӏоттам, гӏиллакхаш, амалш а цхьаьнайогӏура церан. Вовшийн дика гӏиллакхаш дӏаса а оьцура цара. Вовшашца бертахь, машаре баьхна ца ӏаш, вовшашка зударий луш хилла, гергарлонаш а дара. И доттагӏалла, барт бохо лаа а ца лаьара царна, йа ойла а йацара. Амма, ахь ма-аллара, вайн правительствон политика вайна дика ма йевза – «къеста а беш, урхалла латтаде». Дукха хан йалале, нохчашна тӏелетарш дечу церан луларчу феодалашна гӏо дина ца ӏаш, нуьцкъаха Нохчийчохь вайн порядкаш хӏитто, цигахь колонизаци йан йуьйлира правительство. Нохчийчохь-м хьовха, йерриг крайхь а. Тӏаккха Нохчийчохь гучувелира исторехь шайх Мансур аьлла цӏейахана Алдара жаӏу Ушурма. Иза дӏаваьлча, цуьнан гӏуллакх йа, вуьшта аьлча, маршонехьа къийсаман гӏуллакх шен караийцира церан цӏейахханчу баьччас Таймин Бийболата. Тӏаккха йехха зӏе йолайелира – Гӏеза-молла, Шемал. Вайн инарлийн а, чиновникийн а къизалло мостагӏалла доьллира ламанхошна а, оьрсийн халкъана а йукъа. Оцу тӏехь кӏезиг бехк бац вайшиннан а, хьомсара государь!