Гаьннех чекхйийлинчу маьлхан зӏаьнарша серлайаьккхинера ӏийшинчу халонаша аьхна, хеназа къежйелла оза, йеха йуьхь. Багах долу хӏор а дош, садала гӏертачун санна, легашкахь соьцуш, хала долура. Дегӏах цӏийдина эчиг ӏуьттуш санна, наггахь йегайора гонаха нилхха чоьш дийлла боккха мо тӏехь болу аьтту агӏорхьара бесни.
– Со дуьхьал вара вайшинна йуккъехь диначу захалонна. Хаьара, хьуний, Аьрзуний вовшийн дезийла. Хаьа, хьо сан хӏусаме йеачахьана, цкъа а шуьшиъ вовшашка дист ца хиллехь а, ашшимма вовшех дог ца дуьллийла. Ас а ӏаьвшина безаман къахьо. Сан къона безам лаьттах бахана бархӏ шо хьалха. Хӏара йурт тӏаьххьара а йохош йийначу Белитица. Шуьшинна санна, тхойшинна а дезара вовшийн. Охашиммо дукха сатийсира машаречу дийне, вовшех а кхетта, даллалц хаза цхьана хӏусамехь даха. Амма иза ӏожалло хеназа йаьхьира. Оцу дийнахь сан кийра бина ша башо йовхо ца хили дуьненахь. Амма, ас иштта аьлча, хьуна ма мотталахь, суна хьо ца йеза. Йеза, амма хьоьга сан безам цхьа шатайпа бу. Муха эр дара иза… Гуттар дика, тешамечу доттагӏчуьнга санна. Ткъа, ванах, хӏара сан зуда йу-кх аьлла, и йовхо ца гӏотту сан даг чохь. Мел со гӏаттийта гӏертарх.
Андийчу, лекхачу накхош тӏехь голатухуш охьайеана карахь гулйеллачу стоммачу шина кӏажаран йуьхьигаш къажйеш, леррина ладоьгӏура Эсета. Ша хӏун до а ца хууш, хедош, йуьстахтуьйсура цо ӏаьржа чоьш. Довха хьацар тоьхнера логах а, букъан суртаца а. Араэккха санна, хьере детталора кийра гатбелла дог.
– Шахьис динарг ца дохо, тӏе а тайна, сецира со. Хӏара дерриг хьалххе дуьйна сайна гушшехь. Заьӏап со царна совваларна кхерарна. Ткъа суна кертахь зуда оьшура. Зуда аьлча а, сайна кхача кечбан, йоьхнарг лато, бехйелларг йитта. Дено-дено гӏора оьшуш, кӏелдуьсучу дегӏе сайн мискачу хӏусамехь цхьалха ла ца дегӏа. Лечкъийна хӏун до цунах, тӏаьхьо со везаваларга дог а дохура ас. Хенан йохалла цунах а догдилла дийзира. Хьанна везар вара, чевнаша верина, кӏелвитина, дено-дено худалуш, чекхволуш воллу заьӏапхо? Хӏаъ, хьуна со везийла лиира суна. Сайн дуьхьа доцуш, хьан дуьхьа. Хьоьгара ӏазап дайдалийта. И ца хуьлийла хиъча, хьо йита дага а деара. Амма и дан а ца