дӏакъаьстинчу Тӏерг-Дукъан шина агӏон тӏехь къеначу хьаннашна йуккъехь йаьржина ӏохкура бенойн кӏотарш. Дукъа тӏе а йолуш, цуьнан къилбаседа агӏон тӏехь ӏуьллура нохчийн уггар ширачу йартех цхьаъ – къармазе Бена. Йуьртахь урам бацара. Хьуьн чохь маьӏ-маьӏӏера схьакъедара гӏийла серлонаш. Кхузахь тийна дара, йерриг йурт, чӏогӏа наб кхетта, йижина ӏуьллуш санна. Наггахь маьӏ-маьӏӏехь хезара жӏаьлийн дера летарш.
Буьйсанан шина беречо, йуьрта чувулуш, дой а совцийна, гонаха бӏаьрг туьйхира. Кхузара дӏахьаьжча гора охьа чохь, Яьсси йистерчу шерачу экъан тӏерачу Бенойн-Веданахь а, дехьо лакхахь, Даьргӏахь а, цунна тӏехула агӏор дукъаца Цӏоьнтарахь а йогу серлонаш. Кхузара дӏахьаьжча, керайуккъехь санна, гора гӏордалойн а, зандакъойн а кӏотарш.
Жимма цигахь сецна, дӏаволавелла ши бере, эвлан йистерчу цӏеношна тӏекхочуш, ӏин чу воьссича, хӏетта сенарш даха йоьллачу хьуьн чуьра схьа лохха аз деара.
– Муьлш ду шу?
Шина беречо, доьхкарех йохку тапчанаш схьа а йаьхна, зӏакарш кӏегархӏиттийра.
– Нохчий ду, – жоп делира хьалха воьдучу Аьрзус.
– Шуна хӏун оьшу?
– Маршо.
– Ца хилахь?
– ӏожалла.
Хьалхалаьцна тоьпаш йолуш хьуьн чуьра араваьлла ши стаг, тӏе а веана, леррина хьаьжира берешка.
– Мичара ду шу?
– Гати-Юьртара.
– Хӏокху стагана тӏаьххье дӏагӏо.
Готтачу гӏашнекъашкахула, беттасин серлонехь тӏера мехкадаьттанан бӏаьргаш лепа тийна ӏаннаш хедош веана, эххар а йуьртан дехьа йистехь цхьа лаьттачу цӏенна гергагӏоьртира ши бере. Шина ӏина йуккъехь лекхочу гу тӏехь лаьттачу оцу цӏа чуьра гуш серло йацара. Ӏинах чубиссича, дуьхьалваьллачу кхаа стага йуха а совцийра хӏорш.
– Муьлш ду шу? – хаьттира воккхачо.
– Нохчий.
– Шуна хӏун оьшу?
– Маршо.
– Ца хилахь?
– ӏожалла.
– Чекхдовлий, чугӏо. Некъ маьрша бу шуна.
Хӏорш кетӏа кхаьчча, кхеран говраш дӏалецира герзаца кечвеллачу шина жимхас. Кертал арахь гуш адамаш а, йа говраш а йацара. Мотталора, хӏусаман дай, чӏогӏа набарш кхетта, бийшина ӏохку. Амма чуваьллачу кхушинна чоь йуьззина нах карийра. Салам делла, дуьхехь болчаьрга куьйгаш луш, маршалла а хаьттина, царна йуккъе охьахиира и шиъ. Терхи тӏехь кӏур туьйсуш богура чу ӏаьржа мехкадаьтта