ду-кх дашна.
Хӏума йуучу хенах пайда а эцна, шен доттагӏашна – Аьрзуний, Маккхалний – уллохь дӏатарвелла Берса, хьала а гӏеттина, цӏенкъа йуккъе велира.
– Вежарий! – лоххачу озаца долийра цо шен къамел. – Кху шарахь нийсса дезткъа шо кхечи вайн къомо Россина дуьхьал шен маршонехьа къийсам латто. Дезткъа шо кхечи нохчийн лаьтта тӏехь ӏоврашха хаддаза цӏий ӏена. Дезткъа шарахь лийтира вайнах шайн мохк, доьзалш, хӏусамаш, дин лардеш. Оцу тӏамо ах хӏаллакдина вайн жима халкъ. Цхьа а йурт йац Нохчийчохь масехазза йагоза, кхалхоза. Цхьа а доьзал ца бисина цо наной, йижарий белхоза. Хӏинца а кӏур туьйсуш лаьтта йагийна вайн йарташ, бошмаш, хьаннаш. Кешнаш санна, шийла, тийна лаьтта чуьра адамаш хӏаллакдина байлахь йисинчу йартийн херцораш, даьгна цӏийделла, кӏуьрзаша дуьзна пенаш, ирахь доллушехь дагийначу диттийн гӏаддаш, ӏаьрбийн махкахь махо йаржо гӏум санна, мох баьлча лаьттара гӏуьтту йаьгначу йартех, хьаннех йисина йукъ. Вайн халкъ лийтира, оьрсийн паччахьна кӏелдаханчу вайн луларчу къаьмнашна тӏехь латто ӏазап, харцо гуш, и шиъ тӏелаца ца лууш, даим а санна, маьрша даха лууш. Амма вайн жимачу халкъан ницкъ ца тоьира дуьненахь а нуьцкъалчу, къизачаралахь а къизачу оьрсийн паччахьна тӏехь толам а баьккхина, вешан мохк, вешан маршо ваьшкахь сацо. Вайна тӏехь герзаца толам баккха шайн ницкъ а ца кхаьчна, цара, йарташ, хьаннаш, йалташ сийначу цӏарах дагош, зударий, бераш хӏаллакдеш, мацаллица гӏелдина, кӏелсовций вай. Вайгара уггар тоьлла, токхе латта дӏа а даьккхина, ӏедало оцу тӏе гӏалгӏазкхийн йарташ, гӏаьпнаш йоьгӏна. Тахана дӏа ког мел баьккхинчохь карадо сийлахьчу гӏазотехь, мацалло, шелоно, шаьш бинчу йарташна генахь байъинчу вайн дайн, йижарийн, вежарийн, кӏентийн кешнаш. Церан цӏийца хьандина, церан даьӏахкаша къарздина вайн мехкан латта. Вайн вежарийн даьӏахкаша дуьйдина Сибрехан латта.
Йуьхьанца лоха доладелла Берсин аз, тӏаьхь-тӏаьхьа стамлуш, стелахаьштигах къекъа дуьйлира. Оза йеха йуьхь, йогучу цӏар тӏе хьовзийча санна, цӏиййелира, оьгӏазлонах буьзна цуьнан эсала ӏаьржа ши бӏаьрг ткъесах къегара. Чохь болчу наха тийна ладоьгӏура цуьнан доккхачу къамеле.