Генна хьалха хьуьйсучу хьекъалечарна гира оцу гӏалатан, къизачу политикин хинйолу тӏаьхьало. Амма тӏаьхьа гира. Тӏаьхьа делахь а, кхузахь дӏакхоьхьу политика хийца йезар хьийхира цара. Хӏетахь, йуьхьанца поэтан Грибоедовн а, тӏаьхьа инарлин Раевскийн а, хӏинца тӏеман министр волчу Милютинан а хьекъалечу хьехамашка вайн правительствос ладоьгӏна хиллехьара. Цамзанаш йуьстаха а тийсий, хӏокху къоман ӏер-дахаран, гӏиллакхийн, амалийн хьелашца а дустуш, ларлуш, сих ца луш, кӏез-кӏезиг вешан йукъараллин дӏахӏоттам хӏокхаьрга тӏеэцийта, хӏорш мах лело, бахам кхио ӏамабе вай, кхузахь школаш, больницаш а йохкуш, хӏокхарна йукъа лакхара культура, серло йаржайе вай, бехира цара. Амма правительствос ла ца дуьйгӏира оцу хьекъалечу хьехамашка. Мелхо а, тӏеттӏа тӏе алсамйохура къизаллаш. Оцу къизаллаша кхоьллира Мансургӏар, Бийболатгӏар, Шемалгӏар.
Лорис-Меликовс собаре ладуьйгӏира Кундуховн дахделлачу къамеле.
– Иштта-м дара иза, сан хьомсара Муса Алхазович, – элира цо кӏадвелла. – Дӏадахнарг йухадерзалур дац. Сийлахь-воккха поэт Грибоедов а, инарлаш Раевский, Алексей Дмитриевич Милютин а, цхьана агӏор, къобалбо ас. Амма цара хьоьху некъ, беха а, хала а хилла ца ӏаш, оцу заманахь тешам боцуш а бара. Кавказ дӏакхалла гӏерташ Турци а, Перси а хилла ма ца ӏара, малхбузехьара пачхьалкхаш а йара. Уггар хьалха – Англи а, Франци а. Вайн йиш йацара хьоле, стратегин доккхачу маьӏне хӏара край вешан мостагӏийн карайахийта. Тахана а йу малхбузехьара пачхьалкхаш изза политика дӏакхоьхьуш. Вай цхьанне а дӏалур йац хӏара край. Вай лелориг Россин а, хӏокху ламанхойн а йукъара гӏуллакх хилар гойтур ду историно. Дерриг а ӏаламан законашца дӏадоьду. Уьш хийцалур дац вайга, сан хьомсарниг.
Кундуховс, корта а хьовзийна, доккха садаьккхира.