со валийта», – эли, бохура, майрачо. Цунна а дайна, ма хала дара-кх, туркойн гӏоьнах тешна, соьга тӏом болабайта, – цавешаш кхоссар йира Тозуркъас.
– Суна хетарехь, Шоӏип бакълоь. Шуна хӏун хета, нах? – хаьттира Солтамурда.
– Бахьана леладе аьлла-кх Дала а. Аьтто лахарх зен дер дац.
– Ишттанехьа гӏо дийр ма дац цхьаммо а. Диканна дуьхьал дика дезар ду. Ткъа вайн ницкъ бац и дан.
– Суна хетарехь, хьовсарх зен дер дац, – вистхилира хӏетталц ладоьгӏуш ӏийна Берса. – Паччахьашна йуккъехь, тӏом цахиларх, даим дӏа лаьтташ мостагӏалла ду. Цхьа меттиг иккхича, шайн мостагӏчун махкана чоьхьа шаьш тӏетовжа гӏортораш хӏитто хьовсу уьш хьалххе. И лахаза ӏийр вац туркойн паччахь а. Дӏадаханчу дезткъа шарахь цо гӏо кхийдийра вайга. Амма оцу гӏоьнна дуьхьал хӏара мохк безара цунна. Ткъа вайнахана ца лиира цу безачу мехах и гӏо эца. Цундела туркоша вайна гӏоьнна цхьа хьостам а ца белира. Хӏинца цара догдиллина кху агӏонах. Кхузахь оьрсий чӏогӏа чӏагӏбелла. Амма оьрсийн паччахьо вай санна, туркойн паччахьо нуьцкъала шайна кӏелдерзийна, ӏазапехь латточу церан мехкан малхбузе декъа тӏехь дехачу керста къаьмнашна тӏехула дов долуш йу ший а пачхьалкх. Нагахь цигахь шайн дов эккхахь, Россина тӏаьхьашха тӏе вай а хӏума тоха кечдалийта, гӏо дан а мега цара. Тӏе, и тӏом болабелча, Россина чохь гӏовттамаш хилаза а бисац.
Массара а шайна хета-хетарг аьлча, Солтамурд, кхин хеттарш ца деш, нах вовшашка дара-дацара ала а битина, ойлане велира. Кху чу гулбеллачех, цхьа Болатха воцчул, массарел воккха вара иза. Кавказан тӏамехь гӏараваьлла майра тӏемало, диъ шо хьалха Нохчмахкахь а, Органца а хиллачу гӏаттаман баьччанех цхьаъ хиллачу цуьнан доккха сий дара тахана а. Хӏетте а, цунна дика хаьара шен къоначу накъостийн хьекъал шечул цуьрриг оьшуш цахилар. Хаьара, хьалхалаьттачу къийсамехь коьрта меттиг дӏалаца дезарг къона тӏаьхье хилар а, цунна къона баьччанаш безийла а. Цундела цо лоьрура, шена зеделларг дӏалуш ӏамабора кху чохь хевшина ӏен кегийраш а, къона нах а – Шоӏип а, ӏабдул-Хьаьжа а, Гӏубха а, Сулима а. Ткъа Берсий, Аьрзуй, Маккхаллий цо шел тӏех лорура.
– Берса, оцу Польшехь а, Россерчу муьжгашлахь а дерг хаьий