доьхна хьийза. Хиндерг ца хууш, йалташ дуьйш бац нах. Вай иштта ӏийча, нахе мацалла хӏуттурий-техьа? Шаьш дӏасадахча, йарташкарчу тӏеман баьччанашна тӏедилла адам кхетор. Хонкара гӏур берш кӏеззиг нах бен бац, бисинчаьрга шайн йалташ дӏаде, ала. Тӏом хир бу бохург аьттехьа доцийла хаийта. Ӏедало бохучунна дуьхьалонаш ма йе, цуьнцара йукъаметтиг марса ма йаккха, ала. Амма тӏамна кечамбар ма сацаде. Керлачу тӏамехь вайн гӏортор кегий нах хир бу. Уьш ӏамор сацо мегар дац. Амма дерригенна тӏехь а йоккха къайле оьшу. Маккхал, вай дӏадохале, дуйнаш бао беза кху чохь а, керта-арахь а мел волчунна.
Диван чекхйаьлча, цӏа чуьра арадовлале, Къуръан тӏехь дуйнаш баийтар йукъадаьккхинера дуьххьара бартахой цхьаьнакхеттачу дийнахь дуьйна. Дуьххьара вовшахкхеттачу дийнахь оцу тӏехула дикка галморзахаллаш хилира церан. Кунта-Хьаьжин вирдехь болчарна новкъа деара Болатха дуйна йукъавалор. Кунта-Хьаьжас шел тӏаьхьа устаз хила хьакъвеш вагарвинчу масех стагана йуккъехь вара иза. Ишттачу стагах теша деза, бохура цара. Амма атагӏойн Варас доцца хадийра дов:
– Эвлайаъ дац ткъа адам? Дагций, дегӏаций айп доцуш стаг вац, Ша цхьа Дела воцург!
Шега кховдийна атлазна йукъахьарчийна Къуръан схьа а эцна, уггар хьалха Солтамурд тӏевийхира Маккхала. Солтамурд, шен меттера гӏеттина, тӏе а веана, Къуръанна тӏе куьг а диллина,
Маккхална тӏаьххье дуйнан дешнаш ала кечвелира.
– Аӏувзу биллахӏи мина-шойткъони ражим. Бисмиллахӏи-рохьма-ни-рохьийм… – шен дуькъа тамехьчу озаца дуй болийра Маккхала.
Цунна тӏаьххье, хӏор а дош нийсса ала гӏерташ, карладоккхура Солтамурда.
– Дала вазвина ваийтинчу Мухьаммад пайхамарехула бусалба адамашна дуьнен чу доссийначу Делан кху дезачу Къуръанах ас дуй боу, тховса кхузахь дийцинарг, лелийнарг, сайна хезнарг, гинарг йа барта а, йа йозанца а, йа эшарца а, йа сайгахула а, йа кхечаьргахула а цхьаьнгге ца дийца, сайн халкъан а, динан а мостагӏех и ца кхето, и дерриг къайлехь латто. Ас дуй боу, сайл лакхахь лаьттачу тхьамданийн омра дуьхьало йоцуш кхочушдан. Ас дуй боу, йа дуьненан бахаман а, йа эхартахь хинйолчу йолан а дуьхьа сайн а, сайн къоман а сий, оьздангаллий ца йохка,