лоькхура бӏаьстенан цӏена хӏаваъ. Хӏинцале а зазадаьккхинчу хьаьрса-хьечаша, йукъ-йукъа кӏац йиллича санна, кӏаййинера хьаннаш. Ма хаза дара кху тийначу, къеначу хьаннашкахь! Хьалха санна, хӏорш маьрша йелахьара, нах кху мехкан дай белахьара, ӏедало лелхийна, кху хьаннашкахь лечкъаш лелаш эзарнаш адамаш дацахьара, дерриг а халкъан дегӏа тӏехь йиллина лаза йисина хала чов йацахьара. Амма и йерза тигац-кх, иза йерза йитац-кх. Цхьана минотана цхьана хӏуманах ӏехавелла валлахь а, цунна йуххерчо гойту, дагатосу баккъал а ша йуккъехь воллу ерчо.
Кӏентан докъа тӏехь, кийрара мохь ца болуш, тийна йоьлхучу къоначу ненах тарделлачу оцу исбаьхьчу ӏаламой, хӏинцца ша керта хӏоьттинчу мискачу доьзалой, дӏо генахь шерачу арахь гучуйаьллачу виначу йуьртой цкъа а кхин йуха ца йан дӏайаханчу бералле ваьхьира иза. Дагавеара ша цӏийх схьаваьлла да. Хӏара шен хӏусаме масазза вогӏу, цунний, Берсиний йуккъехь маслаӏат дан гӏерташ, даим а Данчӏас ден къамел. Дагадаьхкира цкъа Данчӏас шега тӏаьххьара аьлла дешнаш а: «Мухха велахь а, хьан да ву-кх иза, Берса…»
Берсин дахаре хьаьжначунна моьттур дара, цул ирсе стаг Нохчийчохь тахана ван а вац. Берсин дегӏа тӏехь дац ша санначу боьршачу нехан догӏмашна тӏера шеддаш хилла лаьтта чевнийн моьнаш. Амма цуьнан даг тӏера чов чӏогӏа йу царал. Цунна хетарехь, хир а вац и санна кийрахь боккха бала болуш стаг. Оцу дерригенна а бехке цуьнан да ву.
Ткъе пхиъ шо хьалха, йерриг Нохчийчоь гӏоттучу, цара имам Шемал шайна коьрте хӏотта кхойкхучу, халкъан кӏентий шайн даймехкан маршо ларйан хӏиттинчу деношкахь, ведда Соьлжа-Гӏала вахара цуьнан да. Хӏаъ, вахара, шен жимачу туьканара ткъех туьманан меха баккхал стерчийн вордана а йоьттина, царна тӏе зуда а, хӏетта пхийтта шо кхаьчна Берса а хаийна.
Берса ца кхетара дас лелочух. Даймахкана оцу халачу муьрехь, цунна хӏор а боьрша стаг оццул оьшучу деношкахь, вина йурт хьовха, шен халкъ а дӏатесна, ведда мостагӏашкахьа хӏунда ваьлла иза, хӏун ду цуьнан цаьрца йукъара? Цунах тӏаьхьа кхийтира Берса.
Соьлжа-Гӏали уллохь, Рохьмад санна, бевдда баьхкинчу нохчийн кхин а масех цӏа дара. Уьш а бара, Рохьмад санна, хьал ӏаӏо