«Бакъ вуй-те со?» – хоьтту цо ша-шега. Тӏаккха цунна хьалхахӏутту полковнико тур тоьхна, къеначу дегӏах къастийна говрийн когаш кӏел боьжна воккхачу стеган сира корта, хӏинцца ша керта хӏоьттина йалх кӏант тӏамо вийна цхьалха висина воккха стаг а. Уьш эзарнаш бу цуьнан декъазчу даймахкахь.
«Хӏаъ, хьо бакъ ву, – хеза цунна шен деган кӏоргера. – Оьздачу стагана шен даймахкал сийлахь а, лекха а хӏума хила йиш йац дуьненахь. Цунна йамарт хиллачу стагана къиза ӏожалла йогӏу!»