лоьхучу цуьнан хӏор а дашах тешара адам. Цо ӏорайохура, динан, шариӏатан некъаш шена а, шен ӏедалан а аьттонехьа хьийзош, Шемала лело харцонаш, къизаллаш. Ша тӏарикъатан некъа тӏехь нийса ву, боху Шемала, ткъа адамашна тӏехь шен ӏедал герзаций, къизачу таӏзаршций латтадо цо. Шена новкъа верг хӏаллакво, шеггара кхел а кхайкхайой. Шена тӏебеана мотт бух болуш бу-бац ца хьожу, бехкевечу стеган бехк бу-бац къасто ца гӏоьрта. Адам кхерорца шен ӏедал чӏагӏдархьама, бехкебоцчу бусалба нехан кортош доху. Ткъа Къуръан тӏехь аьлла ду, бохура Сулиман-моллас, гамонца, хьогӏаца бехкбоцу стаг вийнарг абаде абадаллалц жоьжахатин цӏергахь вогур ву. Ткъа имамо хӏун до? Зуламхо ведда кӏелхьарваьлча, цуьнан гергара нах бойъу. Иза нийсса дуьхьал ду шариӏатна. Байн, жоьра зударийн хьакъ, мулк ма лачкъайе, шен дола ма йаккха, боху Къуръано. Иза динчу стагехь эз-эзар шерашкахь Ша жоьжахатин цӏергахь ӏазап даллор ду, боху Дала. Керстанашна дуьхьало йан ницкъ ца кхаьчна, йа кхерабелла, йа адамийн цӏий ӏано ца лиъна, йа оцу тӏамал машар безна, керстанашна муьтӏахь хилла севццачу бусалбанийн йарташ йагайо, божарий бойъу, зударий, бераш йийсаре кхуьйлу Шемала, церан бахам талабо цо. Иза дукхе дукха чӏогӏа доьхку Къуръано.
– Йуьхьанца, динан хьехамаш барца, адам кхетош шена тӏаьхьа дуьгура Шемала, – бохура Сулиман-моллас. – Ткъа и цхьа хан дӏайаьлча – нуьцкъаха а, кхерош а. Оьрсашца машаре хила дуй биъна халкъ шен ӏедална кӏел нисделча, и дуй къарбойтуш, нуьцкъаха оьрсашна дуьхьал а доккхий, бохаме дожадо цо. Цхьана агӏор, Шемала хьийзадо иза, оьрсашца машар хӏунда бу хьан бохуш, вукху агӏор, оьрсаша хьийзадо, айхьа биъна дуй къарбеш, шайна йамартло хӏунда йина ахь бохуш. Шинхьарчара а йарташ йагайо церан, бахамаш талабо, адамаш дойъу, йийсаре дуьгу.
Шовзткъе цхьоллагӏа шарера хьала масазза а нохчийн наибаш, динадай а эца гӏоьртира паччахьан инарлаш. Буьрсачу имаман а, халкъо лоруш волчу нохчийн къармазечу моллин а галморзахаллех пайдаэцархьама, уьш ма-хуьллу ирйархьама, Сулиман-моллин хьехамаш а, кхайкхамаш а гул а бина, «Кавказ» газет тӏе туьйхира командованис. Ӏедало шен ницкъ кхочург дерриг