стага, йахь йолчу халкъо дуьхьало йоцуш коча оьцур ма дац олаллин дукъ. Цундела шайн ницкъ ма-кхоччу дуьхьало йира ламанхоша. Мансуран а, Бийболатан а заманахь уьш тешара шайн ницкъах, шайн маршо шайга ларлург хиларх. Амма, Шемалан заманахь и тӏом бахбала боьлча, хиира шайн дуьхьалонча мел нуьцкъала ву. Хӏеттахье къера а хилла севццехь, эхье хӏумма а ма дацара. Оьрсашца тӏом а бина, машар а бина, совцур бара-кх. Хьалха санна, машаре бехар бара-кх. Хьанна хаьа, хенан йохалла ӏедална дуьхьал къийсамехь цхьаьнакхета а мегара. Хӏинца а дац тӏаьхьа. Шен дагахь Маккхал тешна, ӏазапехь далло халкъаш мацца а цкъа, цхьаьна а кхетта, ӏедална дуьхьал летарг хиларх. Цунах теша Берса а, Аьрзу а. Хӏокхарна дика ма хаьа кхечу динехь болу дуккха а нах шайгахьа бевлла турпала летар. Халкъаш тешо деза и маршо церан массеран а йукъара гӏуллакх хиларх. Ламанхой тешийна ца ӏаш, оьрсий а.
Дуккха а шераш хьалха и идея дӏахьейира Маккхала. Амма цунна гонаха болчу ӏеламнаха и аьттехьа а ца йитира. Хӏара, Маккхал мунепакъ, йамартхо а кхайкхийра.
Хӏун дийр ду ткъа? Хӏинца Шемал а, цуьнан гӏоьнчий а бац. Кхин зама а, кхин адамаш а ду. Цара гӏазотан байракхан метта йукъарчу маршонан байракх ойъур йу.
Урх мела йитина Маккхалан говр меллашчу боларахь йуьрта йуьйлира. Тахана къаьсттина йаьсса хийтира цунна Гати-Юрт. Наггахь кетӏахь гуьйригаш тӏе а хевшина, лохха вовшашка къамелаш деш йа, лаьттан бӏаьра а богӏабелла, лелаш нах гора. Сингаттамо дӏалаьцнера массо а. Дӏабоьлхурш а, бухахь буьсурш а. Тӏехволучунна олуш гӏалх а доцуш, кевнашкахь кӏегархевшина ӏара кенах довла доьлла жӏаьлеш. Йеккъа цхьа котамаш йара хӏуманнан а бала боцуш, урамехь мӏарашца кхелли кегош, шайна таро йан гӏерташ.
«Шовзткъа шо кхаьчна дели сан, – ойла йора Маккхала. – Дина хӏума а дац, хьалха гуш ирс а дац. Йиша-ваша хьовха, атталла сайн доьзал, хӏусам а йац. Аьрзугӏар вежарел а дика бу суна, гатийуьртахоша сий до сан. Амма къаналла йу-кх гергагӏерташ. Хӏун хир ду-те кхунах?..»
Ӏаьрчхен кӏоргачу боьранан тӏулгийн бердех, дӏа ког мел баьккхинчохь, бухдуьйлуш, ша санна, шийла, сирла шовданаш ду. Хӏун ду а хаац, ӏай – мела, ткъа аьхка, кӏел лаьцна куьг ца латталуш, шийла хуьлу уьш.