сатийсаро йацйора суна и йеха буьйсанаш… Геннара хьох бӏаьрг кхетча, серладолура суна хӏара ӏаьржа дуьне… Хӏинца дӏадели хьо гур ву бохург а. Кхин хьо ца гуш, лийр йу-кх со…
Кхузара дӏадала вайша бохуш санна, тӏе а йеана, Аьрзун белшах корта хьоькхура говро. Йерриг шен оьмарехь кхузахь Эсетца латтарх кӏордор доцчу Аьрзуна хӏинца йахйеллера хӏара масех минот. Диллина дуьхьаллаьттара заьӏапчу Гатин гӏийла йуьхь-сибат…
– Дала йаздинчух девр дац вай, Эсет. Иштта хила доьгӏна хилла-кх вайн кхоллам. Гати тахана заьӏап хилар цуьнан бехк бац. Цхьа иттех шо хьалха кху Яьссин тогӏица цхьа а йоӏ йацара цуьнан зуда хила дуьхьало йийр йолуш. Тахана цуьнан дегӏ ца лела. Йуьхь эрчайаьлла. Амма цуьнан кийрахь долу майра, къинхетаме, тешаме дог делара хӏораннан а кийрахь.
– И заьӏап хилар дац цунах сан дог ца лотуьйтург, – йоьлхура Эсет. – Иза дашо-дато хилла дӏахӏоттарх, суна хьо бен гур вац…
– Ас санна, сатоха. Ваьшшимма хӏинццалц лардина Гатин сий хӏокху къамелца дойъур дац вайша. Гатина чохь са мел ду, цунна тешам ларбе…
Эсетан бӏаьргаш цӏеххьана ткъесах къегира.
– Аьрзу, ас лечкъа ца до сайна хьо везар. Сайн майрачунна ас йамартло йийр йара аьлла, дагадеана-те хьуна? Иза-м хир дац, со сийначу цӏарах йагийча а. Кху махкара тӏаьххьара а дӏайолуш, хьоьга йистхилаза ца ӏайелла лела. Сайна хьо дика вевза дела, хьох со тешарна, хьо сайх а теша моьттуш. Дегӏ сацо-м хала дацара, амма дог сецалац-кх. Марша ӏойла хьо, Аьрзу. Дала эхартахь мукъа а цхьаьнатухийла вайша!
Бӏаьргаш тӏе охьайеана тӏеда кӏужал кортали кӏел а таӏийна, цӏеххьана йуха а хьаьвзина, берзинчу когашца жагӏа а бекош, дӏайолайелира Эсет. Гӏаргӏа санна, цуьнан нийса дегӏ оцу минотехь букар хьаьвзина хетаделира Аьрзуна.
– Эсет! Хала ма хеталахь, хьуна моьттучу агӏор дацара ас аьлларг! – тӏаьхьа мохь туьйхира Аьрзус. – Соьгара йаьлча а, хьоьгара йамартло йер йоцийла хаьа суна. Нехан меттанех кхоьру-кх. Йоха ма йохалахь! Со хьоьца хир ву хьуна. Со а ву
Хонкара вогӏуш!
Эсетан настарш, дегӏе хорша хьаьдча санна, цкъа йегийра, тӏаккха голаш малйелира, дегӏе лазар деача санна, некхах ка а тухуш, ша лаьттачохь меллаша охьалахйелира иза…