Тӏехула тӏе – Сибрех… Цигахь дуьйш а, дерзош а дац, боху. Даим а шийла ӏа. Хьалха со-со а хуьлура мехах мохк лаца Теркал дехьа боьлхучех кхаьрдаш. Хӏинца цхьаннех а и бехк баккха меттиг бац. Ша хӏун дийр ду ца хууш, доьхна хьийза адам…
– Хӏумма дац, ӏела. Нагахь ирх-пурх а валанза ца валахь, маьрша валар тоьлу. Даймохк а, цӏа-цӏе а доцуш, сагӏадоьхург хилла, хийрачу махкахь нехан неӏаре хӏуьттуш лелачул, кхузахь летта велла дӏаверзар гӏоли йу. Амма наха ла ца дугӏу тхо цхьадолчара лучу хьехаре. Иза цкъа марах ма далахьара царна. Горлера, ӏела, йаӏ, хӏуманнах а кхета тигац-кх сан корта. Кегаделла, худар хилла-кх кху дуьненах. Йагийначу йартех туьйсучуьра кӏур хӏинца а ца сецна, оьланаш хилла цӏенойн херцарш. Хӏинца а лозучуьра ца тийна шира чевнаш. Царна моьнаш а ца хьаьвзина, ткъа кхара уьш кӏаргйо, керл-керла кхин тӏе йо…
Ши ваша, ойланашка ваьлла, цхьана ханна дӏатийра.
– Бенахь хӏун ду керла? – хаьттира ӏелас, и сингаттаме тийналла йохорхьама.
– Хӏумма а дац. Дерриг хьалха санна ду. Солтамурддий, Берсий вара хьо хоьттуш. Маршалла даийтира.
– Маршалла хуьлда царна а! Хьо цӏа ма хьалхе веа?
– Иштта нисдели-кх хӏара. Сой, Маккхаллий Хонкара воьду.
Ӏела цецваьлла веше хьаьжира.
– Хӏаъ, ас баккъал а боху, ӏела.
– Шуьшиъ шаьш ма вара цига баха гӏертачу нахана дуьхьалваьлла?
– Тхойша-м кхелхина ца воьдий. Баьччанийн дивано цхьа гӏуллакх тӏедиллина вохуьйту.
– Шуьшиъ воцург, кхин стаг вацара царна цига вахийта?
– Иштта сацамбина-кх дивано. Тхаьшшинна пашпорташ даха кхана Соьлжа-Гӏала воьду тхойшиъ.
Хӏунда, стенна вохуьйту, ца хоттура ӏелас. Хаьара, иза тӏеман къайле йуйла.
– Ткъа со?
– Хӏун хилла хьуна?
– Суна а ма деза пашпорт?
– Ахь хӏун до цунах?
– Ой, хьоьца дӏаван ца веза со? – ша хӏинцца дӏаволавала воллуш санна, сацамболлуш хьалагӏеттира ӏела.
– Стенга?
– Хонкара.
– Хьо хьераваьлла?
– Хӏунда? Со витина ваха-м ца воллура хьо?
– Со цигахь ӏен воьдуш ву, моьтту хьуна? Со-м сихха цӏа воьрзур вай.
– Вирзича, хӏун ду? Цхьаьна бакъахьа ву вайша. Со йуххехь воцуш, цхьа ког дӏа-м тосур бац ахь.
– ӏела!
– Хӏун хилла?
– Кхин ахь хьахадойла-кх соьга и! Хӏинца хьо вара суна бале вала висинарг. Дӏогахь шен ирзо тӏехь карийна Чора а хӏокху