чӏанабаьхначу кхалхийначара, шайн миска къелгаш ворданашна тӏе а йоьттина, царна тӏехула тӏе берашший, къенанашший ховшийна, гӏаш бира и гена шина беттан некъ. Сийна бошмаш, хьийкъина йалташ, сирла хиш долчу кхаьчча, хӏинца мукъана а дӏа ца кхаьчна-те олий, совца гӏоьртура уьш. Амма туркойн ӏедало мехкан кӏорге дӏалоьхкура, ткъа мича, хӏунда кхарна ца хаьара. Эххар, кхин дӏагӏерта ницкъ ца тоьъна, Муш-шахьарна генадоццуш, Мурат-хин тогӏехь, туп тоьхна севцира уьш.
Хӏетахь дуьйна цигахь бара Аьрзугӏар. Ткъа тӏаьхьайогӏу тобанаш, кхарна тӏекхаьчча, кхин дӏабаха дуьхьало а йой, кхузахь совцура. Махках ваьккхинчу ткъе кхоъ эзар нохчочух берхӏитта эзар оцу тогӏехь вара, вукху пхеа эзармо а оццу хьолехь хан токхура Эрзерумна уллохь.
Кхузара меттах а довлий, малхбузехьа Диарбекиран виллаете дӏагӏо бохуш, денна туьпа хьийзара каймаканаш. Махках бевлла, гӏелбелла, къийбелла, дарбелла нах нуьцкъала цигара дӏабаха кхоьрура а хаацара, йа цӏий ӏано ца лаьара а хаацара, амма, мухха делахь а, дерриг а машаре дуьйцура цара. Бохура, Диарбекирна къилба-малхбузехьа нохчашна къастийна дика латта а, кийча хӏусамаш а йу, цига дӏагӏо. Изза дара даймахкахь цаьрга дукха дийцинарг а. Ткъа меттигерчу эрмалоша дийцарехь, цигара латта хи доцуш, йерзина, йаьсса меттиг йара. Бӏешерийн дохаллехь цхьаьнггера а дикий, къинхетаммий ца хилла, массарех тешам байна нах, и мохк цкъа хьалха шайн бӏаьрга ца гича, цига ца боьлхура. Оцу махке хьажа вахана вогӏура и итт стаг. Цара дохьу долчу хабарх бозура махках баьккхинчу пхи эзар доьзалан кхоллам.
Амма некъахоша царна шийла кхаъ бохьура.
Эрмалоша ма-йийццара, йаьсса, йекъа аре карийра царна цигахь. Оцу аренан малхбале йистехь йаьржина ӏуьллура Диарбекир. Генара хьаьжча а, гора цу гӏалара тӏехь хаддаза сема ха лаьтташ тӏулган лекхачу, стаммийчу пенаший, горгачу бӏаьвнаший гобина, арахьахула эчиган чӏорех дина зӏараш диттина гаттий, кегий кораш долу Диарбекиран набахте.
Дуьйцура, туркойн ӏедалан къизаллина дуьхьало йеш мел гӏеттинарг, болатан буржалш тухий, цу чу кхуссу, тӏаккха цо йерриг шен оьмар дуьненан серло ца гуш йоккху бохуш. Хьанна хаьара, оцу