– Бакъду. Амма хӏумма а йорах-м ца йели цунна вай вешан маршо. Кӏезиг ду вай, вешан ницкъаца мостагӏ эшалур вац. Тӏехула тӏе, цкъа а вовшашлахь барт бац. Даим вовшашца ца тарлуш – хьаьгӏнаш, мостагӏаллаш!.. Амма кху тӏаьххьарчу шина-кхаа батто дуккха а хӏуманаш довзийти суна. Хӏара кхидолу къаьмнаш йуххера девзичхьана, со йехха кхеттачу набарх ваьлча санна, хӏинцалц сайна къайле хилла лаьттина дуьне довза доьлча санна, хетаделла суна. Хьажал хьо, Чора, дика хьоьгуш бу ткъа вайна гина гуьржий, кхузара туркой, эрмалой, курдой? Уьш баккхийбе ткъа шайн дахарх? Цхьа гуш боцчу Делан ницкъо таӏийна кхобу уьш. Эзарнах итт хьалдолуш ву, бисинарш царна беца.
Маккхала ма-аллара, берриг оьрсий а ма бац вайгарчу ӏазапна бехке. Доцца аьлча, ӏаьржа къайле йу хӏара дуьне.
– Делан къайле йу ала, Аьрзу. Азаллехь вай кхуллуш Дала ваьшна хьаькхначу сиза тӏехула бен дӏагӏойла дац вайн.
– Иштта ала-м, дера, олу. Дӏа ойла йича, дерриг шеконе долу-кх. Ткъа хӏунда ца йелла Цо Ша синош кхуллуш адамашна нийсо? Хӏунда йац вайна кху ворхӏ стигланаш кӏел охьаховша меттиг? Даймахкахь а вай хьийзий, махках девлла кхузахь а, мозий санна, леш кхачалуш лаьтта. Цхьанне а новкъа ца гӏерташ, вешан лаьмнашкахь машаре ӏаш ма дара вай дуьне кхоьлличхьана, ткъа и маьрша дахар дохий-кха генарчу оьрсийн паччахьо. Мича бехкенна хьийзадо? Хӏан-хӏа, Чора, ахь дуьйцург дац хӏара.
Аьрзун къамел цхьанна хазарна кхоьруш, дӏасахьожуш ӏачу Чорас, аз лахдеш, мохь туьйхира:
– Иштта ма ала, Аьрзу. Со а ӏесавоккху ахь. Остогӏпираллахӏ, субхьоналлахӏ, Дела, Хьо Цхьаъ ву, элча, хьо бакъ ву. Аш динчунна реза ду-кх тхо. Шайн эвлайааш тхуна орцах бахийша…
Чорас, къилбехьа а вирзина, ши куьг хьалха а лаьцна, дехха доӏа дира, цкъа хьалха хозуьйтуш, йуха – шабаршца. Наггахь доккха са а доккхуш, цо аз стамдича хезара Нана-Нохчийчу, дай баьхначу махка йухадерзор Деле доьхуш, цо ден доӏанаш. Амма Аьрзу цуьнан доӏанах дӏа ца кхийтира, амин аларан метта, цуьнга ла а доьгӏуш, хин тогӏин дехьа регӏаца бӏаьрг беттара.