чекхдевлира цуьнан дахарехь даьхкина уггар хала денош. Да а, вежарий а байъина ирча де. Чов хилла ша йийсаре вигар, гена къилбаседехь, хийрачу махкахь, даймахка сатуьйсуш текхна хан. Шемал йийсаре воьду де, къена Бойсагӏар, са дӏадала гӏерта Жабраил. Шела уллохь ӏанийна цӏий, шен бӏаьхаллин накъостий – Солтамурд, Берса, Залма, Олдам, кхин, кхин…
Арахь девллачу когийн татанаший, лераший оцу ирчачу гӏенера ваьккхира иза. Вагийча санна, ши куьг тӏехьа а тухуш, кӏегархиъначу цунна уггар хьалха девзира Аьрзун когийн тата а, тӏаккха гӏоргӏа аз а.
– Хӏара шиъ дийна мукъана а вуй? Кху чохь-м ӏаьп-схьаьп ма дац, – хезира цунна.
Араиккхинчу Маккхала тӏекхетта маравоьллира ша дукха хьегна доттагӏ. Тӏаккха Чорина мара а иккхина, йуха а Аьрзуна тӏевирзира иза:
– Гора, Аьрзу, йаӏ, ма вон гӏан гуш вара-кх со. Хӏумма а хиллий вайна?
– Данчӏа валий оха чӏогӏа цомгаш. Кхин хилла хӏума-м дац.
Гӏовгӏанаш йевлча самаваьлла ӏела, ара а ваьлла, Чорина мараиккхира. Хӏорш кхоъ чоьхьавелира. Тараммий, ӏелий тоьлин неӏаре охьахиира.
Цара хӏун деана ца хууш сакӏамделла Тарам гӏовталан кисанара схьайаьккхина дукха дуьне девзина бӏаран дечиган ӏаржйелла луьлла томкех йуза хӏоьттира. Мокхазна тӏе кӏожаман хьаса а биллина, шаьлтанан йуьхьигах йина цӏетуху цо тоьхча, бӏаьрса дӏаоьцуш бодашкахь суйнаш ӏенира. Сийна долуш дакъийначу томкин тамехь хьожа йаьржира буьнахь.
– Тӏаккха, Аьрзу, дийцахьа шаьш деанарг, – хаьттира кхидӏа садетта кӏордийначу Тарама, боккха баьккхина кӏур чу а тоьхна.
Аьрзус сихха жоп ца делира. Шаьш беана шийла кхаъ цаьрга дӏакхайкхо ца лаьара а хаацара, йа кӏадделлачу дегӏо дӏатевинера а хаацара, амма вист ца хуьлуш дикка хан йалийтира цо.
– Диканиг ца деана. Доцца аьлча, вайна къастийначу махкахь хи ца диллича йалта а ца хуьлу…
Аьрзун дешнаша дегнаш дохийра кхааннен а. Мискачу адамийн тӏаьххьара догдохуьйла а хаьрцира.
– Ой, вай долчу веанчу Нуьрсет-пашас-м ма бохура, цигахь вайна къастийна латта даьттана чохь кхехкаш ду? – мохь белира Тараман.
– Вай ӏехо гӏерташ дийцина хабар хилла.
– Дехаш адамаш мукъана а дуй цигахь?
– Адам доцуш меттиг мичахь йу хьуна? Курдой бу цигахь дукхахберш.