Керста паччахье-м ӏеха а дайтийша, иза-м къиза а хилийтийша, ткъа хӏара турко-х варий бусалба, – тӏаьхь-тӏаьхьа карзахвуьйлура Тарам.
– Уьш-м берриш а цхьана буса баларш бара. Ткъа Эрзерумехь болчу вайнехан хабар дуй? – хаьттира Маккхала.
– Пхи эзар гергга стаг хилла цигахь. Вайна санна, Диарбекире хьийсош, ницкъ бо царна. Туркойн ӏедалца лара а ца бина, цул сов, кхузарниш а берриг цига дӏабахна аьлла, ӏехийначу царах ши эзар сов стаг меттахваьллера. Диарбекире боьлху уьш Чубукчурехь дуьхьалкхийтира тхуна. Тхоьгара бакъдерг хиъча, йуха а бирзина, Эрзеруме кӏегар ца боьлхуш, тхуна тӏаьхьа кхуза схьаоьхуш бу. Суна хетарехь, кху иттех дийнахь схьакхочур бу уьш.
– Уьш тӏекхетча, ма гӏуллакх толур дай вайн.
– Муха дуьйцу шайн гӏуллакх?
– Вайгара хьал ду цаьргахь а. Мацалла, цамгарш, баларш. Цигахь хало долчух тера ду. Эрзерумехь ву сардал Нусрет-паша. Цига гулдина ду кху агӏорхьара дукхахдолу эскарш а. Ткъа вайнах кӏезиг бу. Ницкъ бо царна…
– Хаац, бакъахьа муьлха ду, – доккха садаьккхира ӏелас. – Дӏасадаьржича, хене довла аьтто хир бара, тӏаккха а туркоша ницкъ бийр бу. Хӏинца санна, цхьанхьа гулделла ӏийча, кхузахь массарна а рицкъа ца карош, хӏаллакьхуьлу.
– Дӏасадаьржича, хьаха, кхузарчу къаьмнех ийна, довр ма ду. Дерриш цхьана гулахь даха ховшаделча, вешан мотт а, гӏиллакхаш а ларлур дара вайга, – дикка ойла а йина, тӏетуьйхира Маккхала.
Луьйш лаьтташехь наб озийра Аьрзуний, Чориний. Чуьра томка кхачийна йовш лаьтта луьлла, тӏаьххьара кӏур баьккхина, чимах цӏанйан хӏоьттира Тарам.
– Деллахьа, йу вай декъаза гоьргаш, – оьгӏазе вистхилира иза. –Дависарг-йаӏ, хӏара дерриг дуьне чутарлуш доккха черма а кечдина, йуккъелц молханах дуьзна, цунна тӏехула чу дуьне доьллина, со йуккъе тӏе а хиъна, иза эккхийта ницкъ болуш велара. Иэхь ду-кх, нанас дена вичхьана цхьаъ мукъа а ирсе де ца гина бохург. Вайнахехь даллочу ӏазапан ойла йича, уггар къизачу экханчух тарло-кх сан дог. Нах оцу Муш-шахьарна тӏелатар ахь къобал ца до, Маккхал. Цаьрга мацалла ле, боху ахь? Хьастаха-м уьш сецо гӏертара со. Амма хӏинца, бахий ахь, сеца-м муххале а бийр бацара ас уьш, мелхо а, со хьалха а ваьлла, бусалбий,