дицдинийла а хаьа тхуна, – дуьйцура туркочо. – Шалхо йоцуш бах оха, тхуна чӏогӏа къахета шух. Къа ду даймахках хьоьгучун. Цундела шу кхуза кхаьчначу йуьххьехь тхешан ницкъ кхочу гӏо дора оха. Ас дуьйцург ӏедал дац, ткъа цхьа тхо тайпа миска нах бу. Тхаьш схьа а оьхура, шу дӏа а дуьгура. Тхаьш мел къен делахь а, тхешан йолчух йоькъий, шуна йохьуш догӏура, дӏадаьхкича, кара лой а дерзадора.
– Делхьа, ду иза бакъ, – корта теӏабора Маккхала. – Аш гӏиллакх ма лелий тхоьца. Тхоьгарчу бохаман дакъалеци аш. Баркалла шуна!
– Амма, тхан бусалба вежарий, тхо а дац-кх хьолана шул дукха дуькъа. Хӏара ши куьг гой шуна? – шен мазакъдоьлла эттӏа куьйгаш хьалхакховдийра цо. – Хьовсал шу, иштта ду-кх тхан массеран а куьйгаш. Дера, ца дакъаделла хӏорш тхешан бахамехь оха къахьегна. Тхан долахь-м буйнахь схьаэца а латта дац. Мехкадайн йалхой ду-кх тхо. Суьйранна берашна дао пхьор хир дацара-те бохуш, дийнахь сарралц йолах деца. Ӏедало хьийзадо. Дехаш а дац, делла дӏадовлуш а дац. Оцу хьолехь тхаьш доллушехь, шуьгара бала байбан а гӏиртира.
Турко и шен къамел мича тӏе дало гӏерта хьалххе дуьйна гучу нохчийн бӏаьргийн хьажар, кӏез-кӏезиг охьадоьрзуш, лаьттан бӏаьра догӏаделира. Веккъа цхьа Аьрзу вара, дерриг а лан сецна, церан йуьхь-дуьхьал хьоьжуш.
– Цундела шуна хаьа хир ду, кхуза гулвелла шу масех эзар стаг гуттар а кхаба тхан ницкъ боцийла, – цхьанаэшшара къамел дора туркочо. – Амма дерриг иза а дац тхо шух йухатоьхнарг. Ӏедало тхуна чӏогӏа дихкина, шуна гӏо дар хьовха, ур-атталла шуьца цхьа а тайпа йукъаметтиг лелор а. Кху туьпа а ма гӏо, кхузара вогӏург йарташка а ма вита, боху тхоьга. Оха и дахь, шу кхузара меттах а девлла, шайна билгалбинчу махка тӏе, малхбузехьа, дӏагӏур ду, боху. Хӏор а йуьртахь биллина лаьтташ мударш бу. Йуьрта веанчу нохчочунна оха хӏума лой а, уьш чубуьгий а, тхо кхуза догӏий а хьуьйсу. Ӏедалан омра талхийначунна луьра таӏзар до. Йетташ, гӏуданаш дохуш, набахте кхуьйсуш меттигаш йина дуккха а. Хӏинца хаьий шуна, тхо шайх херадовларан бахьанаш?
– Хӏинцца хии-кх, – корта таӏийра Аьрзус.
– Ткъа шайн аьтто нисбелча, аш тхан нах байъар хӏун бахьана ду хаттахьа цаьрга, Маккхал, – дийхира Тарама.
– Вайн