махка…»
– Дера, бехира Васала а, и воцчара-м. Аш ла ца дуьйгӏира-кх, Мӏаьчиг. Амма хилла даьлларг нислур дац, вай чӏеӏарх. И хьайн беха букъ нисбай, дуткъа лаг дахдай, охкаделла мекхаш а хьовзадай, дӏаволало хьалха. Йекъаниг кагйеш, тӏеданиг саттош, цхьана агӏор ваьшна некъ боккхур вай. Вало!
Мӏаьчига корта ластийра.
– Хьо дӏагӏохьа, Маккхал. Со жимма садаӏа соцу.
Маккхал дӏавахча, хин тогӏин лекхачу бердан йисте а вахана, охьахиира Мӏаьчиг. Кхузахь парггӏат ойла йан. Дӏадахнарш дагалеца. Кханенан ойла йан. Четара схьадаьккхина кехат даржа а дина, вехха хьийжира иза оцу тӏерачу чӏагаречу йозанашка, хьаьркашка. Оцу тӏера цхьа а элп ца хаьара цунна, амма цаьрца цунна гора генахь бисинчу даймехкан хьомсара суьрташ: баьццара раьгӏнаш, луьста хьаннаш, шийла шовданаш, регӏара шен жима ирзо, оцу тӏера хӏетта асарх цӏанйелла хьийкъина хьалакхуьу хьаьжкӏаш. Ков къевлина даьсса лаьтта шен ков-керт. Хезара Васалан аз а. Цхьацца аьзнаш нийса ца алалахь а, цо шерачу нохчийн маттахь ден хьехаме, доглазаме, бехкаме къамел.
Цхьа хан йаьлча, Мӏаьчиган ойланаш, хьаьвззина йаьхкина, Данчӏина тӏехь севцира. Цо тӏаьххьара аьллачу дешнашна тӏехь. Чекхдовллалц ца аладеллачу.
«Мӏаьчиг, дагадогӏий хьуна…»
Мӏаьчиган кхоьлина бӏаьргаш Муш-шахьарна тӏехула дӏа Сэв-Саран раьгӏнийн баххьашна тӏебоьгӏна дара. Лергаш чохь йека чопаш туьйсуш, буьрса бердех леташ, хьердаьлча санна, охьа чухула хьаьдда доьдучу Мурат-хин къора гӏовгӏа Яьссин хеталора, ткъа генара шена гун Сэв-Саран лаьмнаш – берахь дуьйна бӏаьргашна хьалха лаьттина нохчийн лаьмнаш.
Хӏаъ, дагадогӏу, дера-кх. Шаьш базарахь цхьаьнакхетар а, Данчӏин пхьарс боцчу накъостан карзахе дешнаш а, цӏе санна богу бӏаьргаш, цигахь лаьттачу нахаца цо дина дов а. Амма Мӏаьчигна ца хаьара и шиъ шех дӏакъаьстинчул тӏаьхьа полковникан хӏусамехь церан хилла галморзахаллаш.
Данчӏа-м, шен йиша-вешех къаста а ца лиъна, церан лаамна тӏера волийла а ца хилла, веанера кхуза. Мӏаьчиг-х веанерий, шен лаамехь хьовха, доьзалан а бертаза. Цо нуьцкъала баьккхинера шен доьзал цӏийнах а, махках а. Кхуза жоьжахате… Йелла цуьнан йоккха стаг а, диъ бер а. Шаьш