хуьлуш дерг цхьана низаме мукъана а дерзаде вай аьлла, царна хьалхадевлла тхо. Тхан бехк бу аьлла хьайна хетахь, луъу таӏзар тхуна дан бакъо йу-кх хьан!
Тараме ала хӏумма а дацара Аьрзун. Иза бакълоьра. Амма адам хецна дита йиш йац-кх. Бажа санна. Къаьсттина кху халчу муьрехь чӏогӏа ӏедал деза царна тӏехь.
– И дерриг суна дика хаьа, Тарам. Кху кийсакехь къаьсттина барт, низам оьшу вайна. Туьпахь болу йалтийн хӏор а буьртиг хьесапе эцна, цунах гӏетакх деш, гӏелбелла кӏелбисинчарний, байшний хьажо деза. Талорашдар дитийта деза. Туьпахь низам хӏоттаде. Йуханехьа новкъа ца довлахь, кхин некъ бац вайна кӏелхьардовла. И некъ хала хир бу. Цомгаш кӏелдисина адамаш дукха ду вайн. Уьш дӏатуьйсийла йац. Оцу бехачу новкъахь нахана даа рицкъа оьшу. Иза дац вайн. Нах талораш дан гӏертар бу. Уьш совцо беза вай. Туркоша дӏахоьцур дац вай, оьрсаша а дозанал дехьадовлуьйтур дац. Оцу шинахьарчаьрца машар лаха а, цахуьлучу далахь, цӏий ӏано а дезар ду вайн. Тӏехула тӏе, дерриг адам цхьана дийнахь новкъа доккхуьйла а хир йац. Масех тобане а декъаделла, новкъа довла деза. Хӏор а тобанца пхиппа бӏе тӏемало а, царна коьртехь собаре, майра, тӏамна говза къонахий а хила беза. Нахана луучунна тӏе а тайна, хьалхавуьйлучех баьчча хир вац. Дерриг ца тору нахана луург а. Аш динарг уггар луьра таӏзар догӏуш зулам ду. Хӏоьттина хьал а, шун хилла барт а тидаме а эцна, оцу таӏзарх хьалхадуьту ас шу. Амма шу пхеаннах уггар бехке шиъ – Тараммий, Довтий – эзарнчийн декхарех мукъавоккху. Маккхал, хьоьга ло ас Тараман эзар тӏемало. Чора, хьо Довтин метта хӏоттаво. Цӏа дерза сацам тӏеэцна девлла вай. Кхидӏа дан дезачу тӏехь шух дагавийлар кӏезиг хир ду сан. Соьгара пурба доцуш шен лаамехь гӏуллакх диначу стагана сайн куьйга таӏзар дийр ду ас. Туьпахь низам латто суна бӏе тӏемало оьшу. Чора, хьайн эзарнах и бӏе стаг а, царна коьрте хӏотто цхьа тешаме бӏенча а къаставе суна.
Бен боьхна арадевлла бераш, йоккхахйолчу йоӏана гонаха хьаьрчина, дӏатийра. Кӏант вацара гуш. Схьахетарехь, иза ден докъана уллохь буьйса йаккха чуваханера.
Геннахь говрийи бергийн тата делира. Тӏаьхь-тӏаьхьа гергагӏертара иза. Дукха хан йалале майданахь гучуваьлла