Тур, шаьлта, урс – муьлхха а герз зударийн, берийн, къеначийн а кара ло. Хӏораммо а, вайна йуккъехь зӏе латто, шишша стаг а къаставе суна. Нагахь туркоша цхьана стагана муьшка йахь, йуханехьа тоха. Тӏом болало-кх, уггар хьалха церан йаккхий тоьпаш схьа а лаций, царна шайна тӏейерзайе. Ӏуьйранна ас айса толлур ду аш эскарш дӏа муха нисдина. Дийцаршдар Маккхална тӏедуьллу. Варийлаш, доха ма дохалаш. Далар бен, кхин хила хӏума дац. Хӏинца шайн-шайн бӏо хӏотто безачу меттигашка хьовса гӏо…
Туркойн йуьрта воьлла Соип, готтачу гомачу урамехула хьала а ваьлла, йоккхачу беша маьӏӏе кхаьчча, сихха йуьстаха а иккхина, цициг санна, керта улло дӏатебира.
Тахана суьйранна талламе веанчу цо билгалйинера и беш а, цунна гонахара тӏехула кӏохцалийн коьллаш тоьхна тӏулгийн лекха барол а. Оцу баролал чоьхьа йара кемсийн беш. Кхузахь, Соип сецначохь, барола тӏехула йехкина коьллаш ледаро йара.
Соипа сема ладоьгӏура. Йижаза йара йурт хӏинца а. Наггахь цунна уллохула тӏехволура коьрта тиллина кӏужал йолу цӏен пес а, йеха коч а, шуьйра когаш болу шарбал а тӏехь стаг, йуьхь къовлуш коьртах хьарчийна ӏаьржа, даккхий корталеш долу зударий. Гӏаш а, варрашца а.
Серло йогура беш йолчун цӏеношкахь. Схьахетарехь, царна чохь вехарг хьалдолуш стаг вара. Цуьнан санна, дика а, даккхий а цӏенош дацара оцу йуьртахь. Кемсаш-м кхечу бошмашкахь а йара, амма, цӏа чуьра арахьаьжча, массо маьӏиг гур йолуш а, кегий а. Ткъа хӏара беш, ша йоккха а, йуькъа а хилла ца ӏаш, цӏеношна генахула йаьржина йара.
Уллохула цхьаъ тӏех масазза вели, беша эккха кечлора Соип. Амма тӏаьххье кхин тата долура. Сагатдора луларчу кертахь летачу жӏаьло а. Тӏехула тӏе, хӏара буьйса а йеанера, хӏуьттаренна санна, йекхна. Чиркх санна, серлабаьлла тӏехьоьжура бутт. Бацала боьжна маха а карор болуш. Цхьа хан йаьхьира Соипа цуьнга хьоьжуш. Шелахь кхетачунна санна, гӏаж буйнахь жаӏу вара цунна тӏехь а. Тӏаьхь-тӏаьхьа серлайуьйлура Чухчахьера а. Дала шайтӏанна кхоьссина седа а, дехачу цӏоганца къага а къегина, тӏепаза байра.
Йуха а хьаьвззина хьалхахӏоьттира ненан сурт. Цуьнан оза йуьхь, чуэгна бӏаьргаш, буткъбелла мара, дакъаделла, тӏехь цӏеллех хӏума доцу балдаш, сихдинна доьӏу са…