Йиша-вешех а, даймахках а хаьдда, кху нехан хийрачу махкахь йала а, лаьттах йаха а дезар ду-кх. Веккъа цхьа Аьрзу воцург, тӏетовжа стаг вац-кх…
Шен тӏаьххьарчу дешнашна дуьхьало ца хилча, майравелира Шахьби.
– Делхьа, хаац суна-м, Эсет, хӏинца цкъа-м бен боьхна вайшиннан. Цхьана метта ши бохам хили суна. Кхетта хӏусамнана а, цхьаъ бен воцу ваша а вели. Кӏант а воцу хьесап ду. Наггахь бен гур вац. Цхьа таро йолчу туркочун йоӏ а йалийна, шена воккхур ву иза. Хӏокхарах зуда а йалийна, мотт-гӏиллакхаш тӏе а эцна, дӏа ца волавелча, хала хир ду цунна хьаькамаллехь лакхавала. Доцца аьлча, цуьнга-м шена амал йалур йара. Бен боьхнарг вайша ду. Къанвелча бен, хӏусамнана дукха оьшуш ца хиллера стагана. Къаьсттина со мегар вац и йоцуш цхьана дийнахь а. Цӏенош ду, йоккха беш йу. Кхин кепек тӏе ца кхетарх, ткъех шарахь хецна дайъа ахча ду. Ас хӏун до цунах, кертахь хӏусамнана ца хилча? Амма со резаверш кхузахь айса мичахь лохур хаац. Дӏога туьпа ваьлча-м, эзар а карор йара уьш. Шайна йаа сискалан йуьхк хир йуйла хиъча, хаза а хеташ богӏур бара. Амма хьенан, хӏун йу а ца хуу и сагӏадоьхургаш керта йало а ца лаьа. Делхьа, хаац суна-м, Эсет, белларш денлур бац, вай дахаза а довлац. Иштта цхьаьна ӏен хала хир ду вайшинна. Суна зуда йезар йу, хьуна мар оьшур ву. Суна зуда каро-м хала хир дацара, хьуна мар атта нислой хаац. Туьпара вайнах моццул хир бу а хаац, цамгарший, мацаллой хьоькху адам. Тӏехула тӏе, дийна биснарш цигахь буьтур болуш бац. Царна йукъа кхетча а, цаьрца мацалла лийр йу хьо.
Саметтайеанчу Эсета леррина ладуьйгӏира марвешин къамеле.
– Вайшинна тоьлуш дерг даллалц цхьаьна дахар ду. Шарӏо магош ду вешех йисинарг марвеше йерзар. Хьо резахилахь, цхьа а тайпа эша хӏума доцуш, йехар йу хьо…
– Ахь хӏун элира, ваши? – йукъахваьккхира иза Эсета, къаьрззина цуьнга а хьаьжна.
– Хьо соьга йерзахь, вайший а ирсе хир ду, бохура ас-м. Кхин некъ бац йа суна а, йа хьуна а…
Лаьхьанах къаьхкича санна, кӏегаръиккхина Эсет, ӏадийна, Шахьбега хьаьжжинчохь йисира. Лар йоцуш байра цуьнан йуьхьа тӏера цӏен бос. Иза, кхехкийча санна, кӏаййелира. Дегӏе хорша хьаьдча санна, йегайора чӏениг.