керстанаш хьоьшуш лелаш эдагий а, чергазой а бу. Ткъа кху агӏор вай хир ду. Хӏара шайн дена неӏалт хилла эрмалой а, гуьржий а отуш. Уьш ма бара вай дохо оьрсашна гӏо динарш! Царах ма бара вайна тӏехь уггар ирча къизалла латтийна инарлаш! Ткъа хӏонс мел карайогӏур йу! Вешан мостагӏех бекхам эцар, дуьненан хьал, эхартахь лакхара дарж – уьш кхо пайда хир бу вайна! Цул сов, мацца а цкъа оьрсашца туркойн тӏом болабелча, вешан мохк гаурех маьршабаккха аьтто а хир бу вайн. Оцу тӏехь вайна гӏо дан дош делла ӏабдул-Межида! Эскаре хӏотта резаверг схьакъаста!..
Нахе мохь бетташ говрахь вогӏу Шамхалбек шена уллохула тӏехволуш, цуьнга лохха вистхилира полкана иттех гӏулч хьалха лаьтта Чора.
– Хӏай къутӏа, хӏай, дӏадалахьа тхуна гучуьра! Хӏун до ахь, къуьрдиг санна, йекаш! Кхин хьо суна улло нислахь, ас, тоьхна, ши дакъа дийр ду хьох!
Цуьнан дешнаша, бетах тӏара кхетча санна, вагийна Шамхалбек, говр тӏаьхьарчу когаш тӏехь йуха а хьовзош, доьхкарх йоллучу тапчин макъарх ка а тухуш, Чорегахьа вирзира. Важа-м шеквацара. Ца гора йуьхьа тӏехь оьгӏазалла а. Шен хьаьрсачу мекхех дайн куьг хьоькхуш, велакъежира иза. Амма оцу веларо цуьрриг диканиг ца хьоьхура. Бухара балда цергаш йуккъехь ӏаьвдина, цӏий тасийтира Шамхалбека. Дош дац-кх и хьаьрса мунда тоьхна йожо ницкъ цахилар. Бац-кх. Тахана тоьлур вац иза. Цхьа де догӏур ду хӏара эхь декха. Гена дац и де. Хӏетталц сатухур цо.
Гома Чорега а хьаьжна, шен говр човхийна, хьалхахьа дӏавахара Шамхалбек. Иза мел гӏертарх а, йуха къамел ца долалора цуьнан. Ткъа дошлой лаьттара бист ца хуьлуш. Моьттур дара, уьш тӏулгах боьттина.
– Бист ца хила дуй биъна цара, Шамхалбек? – хаьттира Эмин-пашас, шен ца хиллачу кхиамо догдохийна а, Чорица хиллачу гӏир-миро оьгӏазвахийтина а кхехкаш, тӏевеанчу Шамхалбеке. – Хӏумма дац, цхьа кӏира даьлча, вай бостур бу церан мотт. Ткъа тӏаьхьалонах жоьпалла а, оцу адамийн къа а шуьшинна хир ду, ши стаг, – кхоьссира цо, Аьрзуна тӏе а вирзина. – Тахана йеари де ду. Тӏейогӏучу йеарехь малх гӏушлакхе баьллачу хенахь, шу кхузара дӏадевлла аьлла, суна хабар ца кхачахь, къамел кхечу кепара дан дезар ду сан. Марша ӏойла шу!
Урх буйна а къевлина, дӏаваха