кӏайчу кегийчу нӏаьнаша. Цхьаннах тера бу и кӏесаркӏаг. Коьртан тӏехье цӏеша йуьзна йелахь а, туьта кагйинехь а, Болатна девзира шен доттагӏчун аматаш.
Болата, охьа а таьӏна, меллаша корта аркъалсаттийча, цуьнга хьаьжира эрчоно бахьийна, къаьрзина, ангали санна хӏиттина Соипан баккхий жуг1ар бӏаьргаш…
Цара ӏадийначу Болатан настарш, лехна, хорша хьаьдча санна, йегайора. Ирахь ца сацавелла, ша лаьттачу охьалахвелира иза.
Йуьхьанцара кхеравалар дӏадаьлча, ша дан дезачун ойлане велира Болат. Дӏавахьалур ву бохург хьехочохь а дацара. Кхайкхарх, кхача орца а дац. Маьркӏажан хан хилла йаьллера. Иза туьпа кхачале, пхьуьйре хир йу. Хӏара уллора дӏаваьлча, жӏаьлеша дакъа дуур ду, ткъа кхузахь буьйса йоккхуш ӏайла дац. Хилча а, муха ӏийр ву арахь? Мел ца кхера гӏертахь а, дог ӏац детталуш бен. Эххар а хедира цо хала сецо къонахалла. Бералла ца ӏийра толам баккхаза. Логе хьалагӏерта шад, къурдаш деш, йуханехьа чутеӏийра цо, амма хецабеллачу цунна тӏаьххье мохь белира кхуьнан кийрара.
– Хӏокху нехан махка вай схьа ца даьхкинехь, лийр вацара хьо, – йукъ-йукъа шабарш дора Болата. – Дийна хир дара хьан да-нана, шун бераш, сан да… Вайша Бассан бердашца ловзуш лелаш хир вара… Мел вон хьегахь а, цигахь мацалла лийр дацара вай, кӏелхӏитта тхов боцуш лелар дацара вай… Соип, мила ву-техьа, хьан цомгаш нана байлахь йуьтуш, хьо къиза вийнарг, ас муха эца-те цунах бекхам?.. Йа хӏарра де хӏуттур ду-те суна тӏе а?.. Хьуна санна, тӏекхача доттагӏ воцуш, мецачу жӏаьлеша йожур йу-те сан голаш, ӏаьржачу хьаргӏанаша мийр бу-те сан бӏаьргаш?..
Иштта хиъна ӏерах гӏуллакх хир дацара. Хьала а гӏеттина, цкъа когаш, йуха белшаш ойъуш, Соип сехьа тӏе а ваьккхина, куьйгашца латта арахьоькхуш, и гомха каш цӏандира Болата. Тӏаккха, йуьхь къилбехьа а йерзош, доттагӏ коша а виллина, гондӏара лехьийначу бецийн хелигех, сийначу гӏах цунна тӏехула чкъор дина, латта тӏехьаькхира. Барз бата а бина, тӏе коьллаш тоьхна, ша паргӏатваьлча бен ца хиира цунна буьйса тӏекхаьчна йаьллийла. Хьаргӏанаш къайлайевллера цхьанхьа буьйса такха. Амма жӏаьлеша генадоццуш готуьйсура.
– Нагахь дийна дӏа а кхачахь, валанза ӏуьйренга а валахь,