Тозас элира, ша массо бусалба стаг шен ваша лоьруш лелара, ша гӏалатвийлла, иштта хилча, ша цӏа вахаза ца волу. Амма цунна тӏаьхьаболчу Кебагӏар, Эбетагӏар, Элагӏар дуьхьало йира йухадовла. Баккъал дерг аьлча, цара ца витина ваьллера иза имам. Тӏаккха Чомакхан бӏаьно тоьпаш туьйхира. Уггар хьалха молла Арсункъас кхоьссинчу тоьпо чов йира Хорачуьрчу Митӏина. Тозин бӏо хьалхара бедда, Чомакхниг тӏаьхьабаьлла, Гуьмса тӏе кхочуш, шаьш лелориг эрна дуйла а хиъна, дӏасабаьржира нах. Тоза лецира. Оцу тӏехь чекхбелира цара бина гӏурт.
– Адамаш-м ца дайъира?
– Хӏан-хӏа. Тозин агӏонах цхьа масеханна чов йира, ткъа Чомакхгӏарах цхьанна а цӏий ца делира. Лазийна ши говр ца лерича.
– Ва Дела аьлла, вайн гӏуллакх ваьштадан дуьтуш бац-кх цхьа нах, – доккха садаьккхира Аьрзус. – Оццул, мегар дац, зуламехьа дер ду боххушехь, стохка Шелана уллохь цхьа масех стага и нах иракара а хӏиттийна – цкъа, хӏинца Тозас шозлагӏа дохийна-кх оццул хала вай вовшахдетта гӏуллакх. Керла эскарш-м ца оьзна Нохчийчу?
– Оьзна. Дегӏастанарий, Гӏебартарий масех бӏо балийна.
– Башха арахьара ницкъаш тӏеийза ца оьшу цигахь-м, – элира Маккхала оьгӏазе. – Хӏинца вайнах шаьш бевлла вовшийн байъа. Эцца цхьана эпсаро, цхьа сом а гайтина, "хӏуьсс" алахь, чухьалха кийчча нах дукха бу.
– Сом хӏунда хьехадо ахь? Иза шайга хаза вистхилча а тоуьйту. Вай ӏовдалш ца ледеш стаг вац. Деналха, кхин, барта ала аьлла, тӏедиллина хӏума-м дац? – хьешехьа вирзира Аьрзу.
– Дац.
– Цӏа маца воьрзу хьо?
– Ахь гӏо аьллачу дийнахь. Кхузара хабар эций, сихха цӏа верза аьлла соьга.
Наб хьегӏа Маккхал бага гӏетто вуьйлира. Шен гӏовталан некха тӏерачу жимачу кисанара дато сахьт схьа а даьккхина, негӏар хьала а тоьхна, тӏехьаьжира Аьрзу. Цамза шийттана тӏехъиккхинера. Баьгна кхачийна болуш боллура Маккхалан хьакхаран чиркх а.
– Эрзерумерчу вайнахера хьал хьуна гина, – элира цо, тхьузбоьлла ког дӏа а хоьцуш. – Кхузахь дерг а кхана гур ду хьуна. Цагинарш а, хазазниш а тӏедуьйцур ду. Наха йуханехьа вайн махка берза сацамбина. Иза муха хир, хаац. Кхана-лама сой, Маккхаллий оцу хьокъехь оьрсийн векал волчу Эрзеруме воьду. Тхойша цигара цӏа вирзича, цхьана дашца хьо цӏа хьажор ву вай.