Хьозас, кхин йист ца хуьлуш, терхи тӏе а йахана, цигахь лаьттачу дечган саьхьара эцна, буйнахь кӏеззиг ахьар делира вешина. Шен ахьар буйна а къевлина, вахана, кетара кӏел когаш а боьхкина, тӏе меттан буьхьиг ӏуьттуш, ахьар дууш, дӏатийра кӏант.
– Мархет, хӏума йаалой хьоь? – хаьттира кхин ша хӏун эр ца хууш ӏачу ӏелас.
– Хӏума а кхоллу ас-м. Тахана цхьажимма кхорех церг йитти.
– Хьайна йезачун ахь цӏе тоьхча, мичча девлла а, йохьур ма йара оха.
– Баркалла, ӏела. Хӏумма а ца оьшу суна. Хьоза, берех хӏун хилла хьажахьа, арайалий.
– Уьш-м цхьаннахьа гӏур бацара, нана. Хӏинца цӏа боьрзу хан хилла церан.
– Хьайга бохург дехьа. Жимма арайалахьа, – йоӏ арайаьлча, доккха са а даьккхина, шен дегӏан ницкъ а гулбина, ӏелега йистхилира Мархет. – ӏела, дукха хан йу вай цхьаьна лула хьийза. Хьуна со йевза. Да-нана, йижарий-вежарий хӏаллак а хилла, цхьа йисина со. Йелча, коьрте хаа нана а, йелха йиша а йац сан. Тезета хьийза вежарий а бац. Ткъа ӏожалла дено-дено гергагӏерта. Со хӏинца дукха йехар йац. Тахана-кхана бохуш, ӏа. Хьох, Аьрзух сайн вежарий а тарбина, ӏийна. Кху деношкахь, шуьшиъ ца гуш, со йаларна кхерайеллера со.
Хебна чкъор тӏелетта цуьнан пхьаьрсан чӏу шен каралецира ӏелас.
– Ахь дуьйцург хӏун ду, Мархет? Цомгаш ма-хиллинехь, леш-х ца хуьлий! Хьуна-м гӏоли хир йай.
Мархета шозза-кхузза корта ластийра.
– Суна дика хаьа, ӏела, сайгара хьал. Дукха дуьйцуш, хьо сецор вац ас. Йоӏ чуйагӏахь, дийцаза йуьсур йу. Хьоьга а, Аьрзуга а доцца весет ду сан. Со йелча, суна тӏаьхьа сагӏина даккха хӏумма а дац тхан долахь. Тхан ненах йисина, суна кхаьчна полшу а, тхан дас суна эцна дашо хьалкханаш а, хӏокху стага урдона диллина ши туьман пхи сом а – уьш ду со да йолуш. Хӏинццалц-м уьш йоӏана бохуш, ӏийнера со. Йала гергайахча, дӏайолларан ойла йан а дийзи. Царах дан дезарг-м кху стага ша дийр дара. Маккхална дегаза ца хилахь, цуьнга, кху хӏусаме а вогӏуш, ворхӏ буса суна йеса дешийтар доьху шуьга. Ткъа шуьшинга дехар ду, тезета оьху адамаш совццалц, сан вежарий хилий, тезета хьийзар. Шуна ма хаьа, хӏара стаг а, йиша-ваша доцуш, цхьа хилар… Цуьнан дог а эцалаш…