нохчийн тхьамданаша массо агӏор а туркойн эскарел тоьлуш дошлойн пхиъ полк хӏоттийра цунна хьалха. Курачу пашин йухавала дийзира. Амма оцу дийннахьехь цо Константинополе телеграмма йахьийтира, нохчийн бертахь кхузара дӏабовла ойла йац, уьш духьало йан кечбелла, герз йукъадаккха бакъо а, кхин тӏе герзан ницкъ а ло шена аьлла.
Александр Семеновична хаьара воккхачу везиро Эмин Мухлис-пашина и бакъо йелла хилар – цхьа гуттар гӏаддайна кӏелбисина кӏеззиг доьзалш ӏа дӏадаллалц Ванехь, Мушехь, Эрзинганехь, Байбуртехь, Эрзерумехь, Чилдирехь а битий, дукхахберш Диарбекирна дехьа дӏалахка аьлла.
«Нагахь ма-дийццара гӏуллакх чекхдаьлча-м, дика дара, – ойла йора цо. – Хьанна хаьа, ӏа даккха буьту аьлла, кӏеззиг ца буьтуш, дуккха а нохчий цара оцу меттигашкахь битахь? Бӏаьсте йаьлча, царна цигара дӏабовла лаац аьлла, битахь? Хӏокхеран дош а, гӏуллакх а цхьаьна ма ца догӏу…»
Мацах цкъа шен Нусрет-пашиций, Кундуховций хиллачу къамелах лаьцна шиъ кехат дахьийтинера цо
Тифлисе: Нусрет-пашас шега йаздина кехат а, ша цунна йаздина жоп а буха а дуьллуш. Александр Семеновична хезнера, хӏуманах ларлуш волчу инарло Карцевс, шеггара жоп ца луш, и кехаташ, Лорис-Меликовх дагавала, Владикавказе дахьийтина бохуш. Хӏетахь дуьйна бутт сов хан йаьлла, ткъа оццул оьшу жоп хӏинца а кхачаза ду! «Декъаза нохчий-йаӏ, ма боккха болх бу-кх шуьга хӏоттийна ӏазап! – корта хьийзабора цо. – ӏехийна махках-м дехира шу, кхузахь а синтем ца буьту-кх шуна. Кху агӏорхьа шу дита суна бакъо лац, шаьш хьийсочу дӏадаха ницкъ шуьгахь а бац. Ой, дӏакхаьчча, хӏун дан деза? Уьш-х бутт балале белла кхачалур бу цигахь! Хьаннаш, хиш, хьена латта, цӏена хӏаваъ долчу токхечу, исбаьхьчу махкара схьадаьхкина шу йийнарг ца кхуьучу, хи доцчу, декъачу, дерзинчу лаьтта тӏе охьаховшийча, мозий санна, хӏаллакьхир ма ду. Ткъа Кундуховс дийцарехь, тӏедогӏучу шарахь кхин тӏе а кхалхо ойла а йу. Кху жоьжахате богӏучул, шайн махкахь летта, мацалла белла дӏабовлар гӏоли ма йу царна…»
Нохчий Диарбекиран виллаете хьийсорна тӏегӏертар кхин хилча цамаггал йоккха къизалла йара оьрсийн правительствон агӏонгахьара. Оцу политикина ша реза цахилар