туркошна бакъо лур йац шу цигахь совцийта, шолгӏа-делахь, оха бакъо йелча а, цигахь шуна бала мукъа мохк а бац. Цигара латта нехан долахь ду. Диарбекирна дехьара мохк пачхьалкхан долахь бу, цундела хьийсадо шу цига. Нагахь бертахь шу цига ца гӏахь, туркоша нуьцкъала дуьгур ду шу. Шуна ма хаьа, Эмин Мухлис-паша кхо эзар дошло валош шаьш долчу сакъера ца веанийла. Шу цӏера девллачул тӏаьхьа телеграфца воккхачу везире шена кхин тӏе эскарш а, нохчашна дуьхьал герз даккха бакъо а йехна цо. Воккхачу везиро кхочушдина цуьнан ший а дехар. Хаалаш, бертахь цигара шу дӏа ца довлахь, цӏий ӏенарг хилар. Хӏара туркой шун бусалбанаш белахь а, кхаьргахь цуьрриг къинхетам бац.
Иза-м шина хьешана а хаьара. Иза дерриг а шайн бӏаьргашна ца гинехьара, шайн йаьӏни тӏехь ца лайнехьара-м, и шиъ хӏара дехар дохьуш кхуза вогӏур а вацара. Хьалхара кисанара схьа а даьккхина, пуржин таӏийна, дато негӏар диллина, сахьте хьаьжира хӏусамда. Лаамаза арахьажавелира Аьрзу а. Хӏетта йекхначу стигалахь гучубаьлла малх чубуьзна болуш боллура.
Шайн дийцарш чекхдаьллий-те хетта Маккхал, кхо хӏун олу-те аьлла, Аьрзуга хьаьжира. Амма Аьрзу, жоп даларан меттана доккха са а даьккхина, голаш тӏе ши куьг дуьллуш, хьалагӏеттира.
– Хӏета, ши некъ хӏутту-кх тхуна хьалха, – элира цо гӏайгӏане. – Цигахь туркойх летта далар йа йуханехьа, цӏехьа, гӏортар.
– Йуханехьа цӏа дохуьйтур дац шу, – корта ластийра Зеленыйс. – Туркоша дозане кхочуьйтур дац йа тхайчара цигара дехьа а довлуьйтур дац.
– Ткъа хӏун де оха? – вагийна хаттар диначу Аьрзус тӏетуьйхира. – Тхан дехар дӏадахьийтахьа, эпсар. Ма-хуьллу сиха. Хьанна хаьа, мухха кхаьчна а дозане кхаьчча, къинхетам бина, сардало цӏа дита а мегий тхо-м. Тӏулгах дина-х даций цуьнан дог.
– Хаац, доттагӏий, суна хаац шуна хьехар дала. Ас сайна хетарг аьлла, аш шайна хуург де. Муьлххачу новкъа довлахь а, Дала аьтто бойла-кх шун! Ашшимма хӏун до? – хаьттира цо, Маккхал хьалагӏеттича.
– Дӏадоьлху тхо.
– Мича?
– Мича дан а дац, йуханехьа новкъадевр ду-кх.
– Буьйса ткъа?
– Буьйса а йоккхур йу-кх гӏалел арахь.
– Хӏан-хӏа, иза дойла йац, – дуьхьало йеш, корта хьовзийра Александра Семеновича. – Кӏадделла, гӏелделла шу