Нахала валарна кхоьрура. Цхьана дийнахь ваха со и йолчу, цуьнца эвхьазвала чӏагӏо йина. Молла цӏахь воций хаьара суна, амма, со чохь волуш и цӏа вагӏахь а аьлла, бехказлонна сайн карадеана цхьа жайна даьхьира ас.
– Гора, борз, йаӏ! Веана цӏа кхаьчначу моллас, ахь хӏун до аьлла, хаьттича, жайни тӏерачу цхьана меттигах кхетта вац ша, ала воллийца, – велавелира Товсолта.
– Тӏаккха?
– Вахана, дӀакхечи со. ЦӀахь ша йу зуда. «ХӀара хӀун йу хьан пхаьрса кӀел йоллург?» – хаьтти хӀокхо. «Къеначу молланаша нах Ӏехо хӀума, къоначу молланаша зударий Ӏехо хӀума йу-кх», – жоп дели ас. ХӀун дара а, хаац, оцу дийнахь цкъа а ца хиллачу тайпана зудйаьлла хьаьвзи иза. Маьнги йисте охьа а хиъна, шен кера куьг тоьхна, соьга боху: «Схьадоьл, кӀорни, сан кара хаал цкъа!»
– Хиин хьо ткъа?
– Жайна пхьаьрса кӏел, ши куьг таӏӏийна гӏовталан кисана а доьллина, вахана, цуьнан кара а хиъна…
Неӏ йиллина, чоьхьайаьллачу хӏусамнанас Ребаӏата Шахьбин дош къамкъаргехь сацийра.
– Йуург оьший шуна?
– Ца оьшу, ца оьшу! Цкъа кху чу ма гӏерталахь, тхо хаза сакъоьруш дохку! – куьг ластийра Товсолтас.
Церан самукъане йаххьаш гича, уьш цхьа лартӏехь доцург дуьйцуш бохкийла хиъна Ребаӏат, резайоцуш корта а хьовзийна, арайелира.
– Тӏаккха? – хаьттира Шахьбех хилларг хаа сакӏамделлачу ӏосас.
– Тӏаккха! Стенна хоьтту ахь кхидӏа? Таӏӏийна мара а воьллина, писволлалц со хьекхийра-кх цо!
– Ткъа ахь куьг ца ӏоьтти?
– Стенна оьшура иза? Дерриг а цо ша деш хилча!
Там хиллачу Товсолтас, шен мекхийн мерцхалгех ка а детташ, балдех мотт хьоькхура.
– Делхьа ала, Шахьби, куьйгаш кисана а доьхкина, хӏунда хиира хьо цуьнан кара? Цунах ца кхета-кх со.
Хьажа тӏе а, логах а даьллачу хьацарна гӏовталан тӏам а хьаькхна, чайнах буткъа къурд а бина, ӏосега хьаьжира Шахьби.
– Гӏуллакх галдала доьлча, кӏелхьарвала ков дита. Сайга баа аьлча, ас, исс Къуръан тӏекӏел а диллина, дуй буур ма бара, оцу зудчух айса куьг ца тоьхна аьлла!
– Остопираллахӏ, ма саьхьара адамаш ду-кх шу, дан ткъа! – кӏажвахана воьлура ӏоса. – Ткъа, Товсолта, хьоьгара даьллий ишттаниг?
– Мичара! – корта ластийра Товсолтас.
– Хӏара тайпа йакъайелла хьорзамаш ца оьшу зударшна. Царна-м цхьа со тайпа бух безий!