Хьуна йелха нана йац
Мостагӏийн кху махкахь,
Хьуна тийжа йиша йац
Мостагӏийн кху махкахь.
Хийла кӏант воьжначу
Мостагӏийн кху махкахь,
Хьо цхьалха хеталой,
Воха ма вохалахь.
Мостагӏийн кху махкахь
Хьо хилар ма дицде…
Нохчийн илли
Шолгӏа бутт бара йуханехьа новкъа бевлла нах дозанашка гӏерта.
Къилбаседехьа мел гӏоьрти, де дийне мел дели, нилхайуьйлура церан тобанаш. Уьш хьоькхура къизачу мацалло.
Говран жижиг даац нохчочо. Дино ца дихкина цунна иза. Дуьххьалдӏа говр муьлххачу цуьнан бохамехь тешаме доттагӏ ву. Шен дин кӏелхьарбаккха, ша ӏожалла тӏеоьцийла йогӏу. Амма хӏинца йайъа дийзи говраш. Церан жижиг даа дийзи. Бераш, зударий, къенаниш мацалла ца балийта.
Ткъа уьш хьоькхура къизачу ӏожалло. Эрзерумерий, Мушерий схьа Александрополе богӏучу оцу бехачу некъаца цара дуьтура кегий а, даккхий а кешнийн керла баьрзнаш. Мацахлера иллеш, эшарш хӏинца йесанан сингаттамечу мукъаме йирзинера. Некъашкахь сих-сиха совцура велларг дӏаволла. Ца хезара веллачунна тӏехь зударийн белхарш. Ца гора тезета хӏиттина тхьамданаш. Велларг дӏаволла йуьстахбовлура дегӏехь мелла а ницкъ болу наххий, моллий. Хийрачу лаьтте лора, вертанан йа истанган бӏегӏагна йукъа хьерчош, йа хьарчо уьш йоцуш, шайн тӏелхигашца, къонахчун дакъа. Сихха тӏе латта а хьокхий, лохха барз а бой, гӏевланга дечиг йугӏура.
Тӏаккха сингаттаме долалора моллин аз: «Йасин валкъуранил хьаким, инна каламинал мурсалийн…»
Моллас ца хоттура велларг муха стаг вара, ца доьхура цунна къинтӏердовлар, цуьнан дикаллина тоьшалладар. Дӏавуллучун, дукха хьолахь, гергара хьовха, йуьртара а ца хуьлура стаг.
Амма, накъосташна тӏаьхьакхиа сихбелла, коша йуххера дӏабовлуш, церан лерехь декара весет. Хӏан-хӏа, веллачун весет шел тӏаьхьабуьсучу бахамах, хьолах, тӏаьхьенах лоций ца хуьлура. Хӏораннан а весет цхьаъ дара: нагахь, ӏожалло новкъахь ца совцош, Нана-Нохчийчу шаьш дӏакхачахь, даймехкан лаьттана шен цӏарах барт лолаш, дуьненах ӏехавелла шех ваьллачу кӏантана гечде алалаш цуьнга, йуьртан кешнийн кетӏахь шен безамна цхьа шога тӏулг богӏалаш…
Чилдарна сехьабевлча, доккха догӏа а дилхина, некъ