эладитане мотт сецнехь, хӏара адам шен махкахь хир дара.
– Гора, Аьрзу, йаӏ, со бехкевар бен, кхин хӏума-х ца хаьий хьуна, – доккха садаьккхира Кундуховс. – Хьоьца ца къийсархьама, ахь боххург бакъ ду аьлла, соцург хир ву-кх. Амма со дуьнен чохь ца хиллехь а, шуна хилларг, хиндерг а ду-кх ахь суна тӏетеӏориг. Со ца хиллехь, кхин инарла хир вара диъ шо хьалха шун гӏаттам хьаша. Иза сол къиза, дера хила а мегара. Шу кхузахьа схьадало а вер вара кхин. Сох а, хьох а дозуш дац хӏорш. Ницкъболчо гӏорасизниг эшош, вацош, схьадогӏу дуьне. Оьрсийн къам а, мохк а дукха ду, ницкъ болуш ву церан паччахь. Дукха хан йара дуьненан нуьцкъалчу паччахьаша вайн исбаьхьчу лаьмнашка сутара бӏаьргаш хьийсабо. Вайн ницкъ бацара цаьрца къийса. Царах цхьанна кӏел совцаза ца довлура. Девнехь эшна кӏел совцучул, бертахь тӏедерзар тоьлуш лерина, дина тхан дайша шаьш динарг. Деллера, дера, царна-м чинаш, даржаш, совгӏаташ. Дуьхьало йинехь? Шу санна, хӏаллакьхир бара. Сий, пусар хир дацара. Шуна хаа ма деза, Аьрзу, оьрсашна дуьхьало йан гуьржийн паччахьашний, хӏирийн, гӏебартойн, гӏумкийн, жӏайхойн а элийн ца кхаьчна ницкъ шайн кхочур боцийла. Хаа деза, гобаьккхина ӏен халкъаш шена муьтӏахь хилла севцича, оцу йуккъехь цхьа кӏайдарг хилла лаьтта шаьш тӏе ца дерзийча, оьрсийн паччахьо дуьтур доцийла. Царна оьшурш-м шуй, тхой даций, вайн исбаьхьа лаьмнаш, ӏалам а ду. Уьш бертахь шайга дӏа ца делла халкъ паччахьо хӏаллакдийр ду. Иштта дара шен инарлашка цо денна ден омра. Шу ловзош ӏийр вацара. Цигахь гаттехь шу дита йиш йацара. Латта ца тоьура. Шуьгара дӏадаьккхинарг элашний, эпсаршний совгӏатана декъна. Дукхахдолчунна тӏе гӏалгӏазкхийн станицаш йехкина. Диснарг пачхьалкхан дола даьккхина. Шу массо мацалла леш хиларх, паччахьо цигара гӏалгӏазкхий дӏабохур бац, йа эпсаршний, элашний декънарш шуна йуха а дерзор дац. Иза ма хаьа хи чуьрчу пхьидашна а. Цул шу цхьадерш Россин кӏорге, вуьш Гӏебарта, дисинарш Теркал дехьа кхалхийча? Оьрсашна йуккъе даржийча, уьстагӏий санна хир ма дара шу. Церан дине, матте, гӏиллакхе дерза а мегара. Бертахь шу девр дацара шайн махках. Кийчча керла тӏом бара иза. Гой хьуна, Аьрзу, со