цӏий ӏанош инарлин чин даьккхира хьан вашас, ткъа кхузахь схьакхачарца паша хили цунах. Хӏетте а, тешаммий, оьздангаллий хьехайо ахь! Хӏара адам йухадерзадай йа дӏадахийтий, айхьа дийриг дай вала, Алхазан Муса.
Шен веше, хӏирийн маттахь и човхош масех дош а аьлла, йуха Аьрзуна тӏевирзира Муса:
– Ас йуха а боху хьоьга, Аьрзу, хӏинца хьоьца къамел дийриг йа оьрсийн инарла а, йа туркойн паша а вац, ткъа, хьо санна, махках ваьлла ламанхо ву. Хьайна Деле собар дехий, со дийцина валлалц ладогӏахьа. Хӏаъ, Аьрзу, сан даг чу йамарт ойланаш лилхина хила а тарло. Айса бохург цигахь ца хуьлийла хиъча, шун бохамах пайдаэца дагадеара суна. Ас ойла йира. Оцу ломан кӏажа хьовзийначу нохчашна, царах итт дакъа дича, исс декъана а латта ца тоьу. Оцу хьолехь уьш совцур бац. Оьрсашна и хаьа. Амма нохчашкара дӏадаьккхина латта ӏедало къемата а царна йухадерзор дац. Лаххара а, нийсса ах нохчий шайн даймахкара дӏабаха деза ӏедалан. Амма уьш бертахь махках бевр бац. Ца хьебеш битча а, дӏабаха гӏоьртича а – кийчча керла тӏом бу иза. Йуха а хӏаллакьхир бу уьш. Тӏаккха суна бакъахьа хийтира инарло Лорис-Меликовс сайна хьалхахӏоттийначу шиннах хьалхарчу новкъа валар. Нохчийчуьра пхи эзар доьзал дӏабаьккхича, цкъа-делахь, дуккха а латта бухабуьсучарна мукъадолура, шолгӏа-делахь, хӏара уггар коьртаниг дара – цо уьш кӏелхьарбохура керлачу тӏамах. Цундела ас сацамбира, сайца кхалха резаболчу нохчашца Турце кхалха. Сайдулле а, ӏелахане а дийцира ас сайн дагара. Ас цаьршинга ца хаийтира айса лелориг оьрсийн ӏедалца бертахь хилар. Кху хьоле шу хӏуьттур дуйла ца хаьара суна, Аьрзу. Бакъду, шул хьалха кхуза баьхкина чергазой, абазеш, убыхаш, шапсугаш суна кхин а ирчачу хьолехь гинера. Амма туркойн паччахьо со тешийра нохчийн дола шаьш дийриг хиларх. Дерриг галдаьккхинарг шайн дозанца йолчу меттигашкахь шу совцийта оьрсийн ӏедал дуьхьал хилар ду. Ткъа шайна къастийначу лаьтта тӏе дӏадаха шуна а ца лаьа. Бехк бац шун. Дуьйш-дерзош доцчу оцу йекхачу махкахь дукха стаг хене вер вац. Цундела туркойн а, оьрсийн а бертаза со дуккха а гӏиртира шу кхузахь совцо. Ницкъ кхачац.
Муса цхьана ханна вист ца хуьлуш сецира. Лаьттара схьаэцна