Цул дехьахь церан дахар ду, ткъа сехьахь – ӏожалла. Амма, буйнахь шийла герз а къуьйлуш, тӏулгийн йолуш санна, къинхетамзачу йаххьашца оцу бӏогӏамна дехьа а, сехьа а эскарш лаьтта. Сехьа агӏор – «церан бусалба вежарий», дехьа агӏор – дезткъа шарахь хӏокхеран цӏий ӏенийнарш. Амма шина а агӏорчийн ойла, ӏалашо цхьаъ йу – хӏорш оцу бӏогӏамна тӏе ца бита. Иштта ду шина а мехкан паччахьийн омра. Иза дика хаьа оцу ши эзар йалх бӏенна. Амма царна кхин а цхьаъ хаьа: оцу бӏогӏамал сехьахь дисахь, бутт балале шаьш дерриг лийриг хилар; дехьадовлалахь – ах мукъана а ца леш даймахка дӏакхачаре догдохийла йуйла а.
Дерриг а хилира ӏела ойла йан а кхиале.
Хьалхарчу буса хан йаллалц кхеташонашкахь къийсинчул тӏаьхьа массеран а цхьана бартаца сацам хилира, нагахь бертахь ца довлийтахь, бертаза дозанах дехьадовла. И сацам тӏеоьцуш дукхахболчара догдохура дозанехь долчу шина а агӏонан эскарша оцу адамашна, аьлча а, оцу адамийн гӏаларташна дуьхьало цайаре. Дуьхьало йахь а, герзаца йийр йац. Хьанна хаьа, ирх-пурх а, шайн махка дӏакхачале, новкъахь белла а, хӏорш кхачалур бу аьлла, дӏахеца а мегий уьш-м. Герз дуьхьалдаккхахь? Хӏумма а дац, доккхунда шайна. Кху дозанехь уьш а буьтур бац, йухаберзийча а, уьш лийр бу. Ӏазап а хьоьгуш, дай-нанойн – берех, берийн – дай-нанойх дог а ӏийжаш, кӏез-кӏезиг лечул, кхузахь цхьана дийнахь йа сехьарчийн, йа дехьарчийн карах белла дӏабовлар гӏоли йу царна.
Оцу мехкан ӏаламо а ца бора царах къинхетам. Хӏор а де а догӏура йуькъа дохк тӏетеӏаш йа гуттар а серсаш, йа, серий санна, догӏа детташ. Амма таханлера де хаза деанера. Ламанан дукъа тӏехула хьалабаьллачу малхо догӏмаш а, дегнаш а дохдора адамийн. Хӏор а чӏогӏа тешна вара сийсара шайн хилла сацам Дала къобалбина хиларх.
…Ткъе бархӏ тобане а бекъна, схьакхалхийтинчу царах 28-чу апрелехь уггар хьалха Нохчийчоьнна букъ тоьхначу тобанца болу ӏелагӏар, 17-чу июнехь Арпачайна генайоццуш йолчу Хазапинан заставехула дозанал сехьа а баьхна, туркошка схьабелира. Тахана октябран вуьрхӏитталгӏа де ду. Нийсса биъ бутт хьалха цхьана жоьжахатера кху жоьжахати чу-м атта битира уьш, хӏинца йуханехьа битац-кх.