Шен сих ца кхоьру ӏела, ткъа хьалха вогӏучу вешина Аьрзуна цхьаъ хиларна кхоьру. Аьрзух хадахь, дерриг йиша-вешех ваьлла, гӏаж санна, цхьалха вуьсу иза доккхачу дуьненахь. Амма тахана хӏунда боьссина цуьнан даг чу и кӏилло кхерам? Дуьззина йалхитта шеран хӏор а дийнахь, хӏор а сахьтехь, хӏор а минотехь бара кхул а луьра кхерам. Мостагӏчунна чухохкучу хенахь даим а хьалха хуьлура цаьршиннан дой, тӏекхаьчча – тӏом уггар буьрсачохь, йухадовлуш массарел тӏаьхьа хуьлура и шиъ. Оцу йалхитта шарахь йиллина дӏа – хьалха а, тӏехьа а, массо а агӏор, массо а ханна – шен сутара бага гӏаттийна, царна тӏегӏертара и ӏожалла. Амма бӏаьрнегӏар тухучу йукъана ӏелин даг чу кӏиллоллий, кхераваларрий ца доьссинера. Хӏетахь цунна хаьара шайна хьалха верг шайх лата, шаьш дайъа, шайн мохк дӏалаца, шаьш лолле дерзо, шайна ӏазап дохьуш веана мостагӏ вуйла. Цундела иза массо а минотехь кийча хуьлура дерригенна а. Иза ларвора цуьнан кадечу, нуьцкъалчу дегӏо, семачу лергаша, ненан ӏуналло – даймехкан ӏаламо. Мацвелча – вузавора, шелвелча – вохвора, чевнна дарба дора, мостагӏчух къайлавоккхура. И Нана-Даймохк бара оцу дезткъа шарахь цуьнан халкъо ницкъ оьцу кхачалун доцу хьоста. Цунах хаьдда уьш тера бу ненан некхера даьккхинчу берах, гӏодах хадийначу маргӏалх, хи чуьра аратесначу чӏерах… Амма муьлш бу-техьа царна хьалха лаьтта и туркой? Доттагӏий йа мостагӏий? Доттагӏий боцийла-м хиънера, мостагӏий ма хилахьара!..
Хӏун ду а хаац, тахана, эккха санна, детталора дог готтачу кийрахь. Цкъацкъа ойла хуьлура, Аьрзу тӏехьа а лоцуш, хьалхавала. Амма воккхахволчу вешина хьалхавалар гӏиллакхехь ца догӏура. Воккхахволу ваша хиларал совнаха, кху махкахь Дала а, наха а дӏатеттинчу пхи эзар доьзало баьчча вина хьалхаваьккхина ву Аьрзу.
Ӏелас тӏера бӏаьрг ца боккхура вешина. Шуьйра белшаш, йуткъа гӏодайукъ, деха пхьаьрсаш, буто хенан маьӏигаш, хебаршка ихна оза кӏесаркӏаг, месалчу куйна кӏелхьара схьакъеда дуккха хенахь дуьйна башазчу коьртан сира чоьш. Цуьнан шовзткъа шо а дац, ӏелел дийнна пхи шо воккха ву. Йалх бутт хьалха бацара оцу коьрта тӏехь цхьа а къоьжа чо. Ткъа хӏинца йис йиллича санна бу. Къежвелла.