реза а вац. Цуьнгара и схьадаккха некъ карабейша суна.
Ши хьаша ойлане велира.
– Цхьа бахьана ца хилча, хала хир ду, – жоп делира Шахьбис, дикка ойла йиначул тӏаьхьа.
– Бахьана-м долуш дара. Кху ӏай соьгара йухалург йаьхьна цунна тӏехь цхьа гали хьаьжкӏаш йу сан.
– Кхин хӏун некъ лоьху ахь? – куьг ластийра Товсолтас. – Хьуна схьайала хьаьжкӏаш цуьнан цкъа а хир йац. Ахий, тӏекӏелтаса ахь ирзу.
– Гӏуллакх шарӏе даьлча, дӏадерзо хуур дуй шуна?
– Иза-м дийца а ца оьшура! – хадийра Шахьбис. – Тӏехула тӏе, дукха хан йоццуш хилла бусалба а ву иза. Йа ирзо цо даьккхина а дац. Стундех дисина.
Товсолтас, резахилла, корта таӏийра.
И гӏуллакх чекхдаьлла лерира ӏосас.
– Кхин а ду цхьаъ, – долийра цо, жимма ӏийна. – Аьрзуй, Маккхаллий стенга вахана, хаьий шуьшинна?
Цо и стенна хоьтту хиъна, ши хьаша сема хилира.
– Деллахьа, ца хаьа суна-м, – белшаш саттийра Товсолтас.
– Тӏехьа агӏор вахара бохуш, хезна суна, кхин муьлхачу йуьрта вахна-м, хаац, – кӏелхьарвелира Шахьби.
– Кху ӏай дуьйна дуьйцу, марха даьстича ӏедална дуьхьал тӏом болабо бохуш. Марха даьстина а даьлла, уьш меттахъхьовш а бац. Церан дагахь хӏун ду ца хууш, сагатделла округан начальникан.
– Цунах-м кхоьрийла йацара, – корта ластийра Шахьбис. – Цара вовшахдеттачу гӏуллакхан коьрта тхьамданаш кху ӏай лецна. Бисинчех дукхахберш царах дӏакъаьстина. Суна хетарехь, тӏамна цара вовшахдетта гӏуллакхаш, кхин ваьштадогӏур доцуш, даьржина.
– Хӏан-хӏа, хӏуъу делахь а, къайллаха цхьаъ вовшахдетта цара. И хаа деза вайна.
Шахьбис доккха садаьккхира.
– Хьо стенна гӏелвелла? – хаьттира ӏосас.
– Оцу гӏуллакхашна йукъагӏерта лаац суна, ӏоса.
– Хӏунда?
– Хьуна шера хаьа, шайн гӏуллакхна айкхваьлларг, йамарт хилларг вен цара Къуръан тӏехь дуйнаш биъна хилар. Доцца аьлча, хӏара дуьне дезачу со хӏинцца ваьлла.
Шахьбина тӏетовш, корта теӏабора Товсолтас.
Ӏоса оьгӏазвахара.
– Даа бепиг а, ловзо чкъург а – шиъ хир дац шуна. Чай, борззий вовшахлоьтуьйтуш, шаьш даьттан гуьмалк йууш, гӏуллакх чекхдер ду шуна моттахь, и бакъ хир дац.
Товсолтел майро волу Шахьби цавешаш велавелира.