Со йуьрта вахана аьлла хезна, тӏаьхьавеанчу сан кӏанта, вуьрхӏитта шо долчу Лечас, тоьхнера цунна. Тхойша йуьртах волуш Леча а вийра. Цхьаъ бен воцу кӏант, со кӏелхьара а воккхуш, ша вуьйжира. Иштта хилла чов йу хӏара сан йуьхь эрчайаьккхинарг. Цунах куьг масазза хьаькхи, карладуьйлу и де. Хӏетахь, ӏела, цхьа висира со. Аьрзус аьллачунна бохий ас-м. Гӏазот даккха хьаьддера со йогучу йуьрта, мостагӏашна йукъа? Хӏан-хӏа, вина нана кӏелхьарйаккха вахара. Гӏазот даккха веанера сан Леча йуьрта? Хӏан-хӏа, иза шен дена орцахваьллера. Оххӏай, ма гӏазот дага ца догӏура суна цу дийнахь! Ма дицделира суна дуьне, эхарт, дерриг а. Суна гург, сан дагахь дерг сайн доьзал, сайн хӏусам, сайн йурт мостагӏех ларйар дара. Эзар шарахь тхаьш дахарх, эзар йалсамани тхаьшна лург хилча, сан дай, кхоъ ваший, сан кӏанттий – тхо гӏур ма дацара керстанан махка гӏазот даккха. Иза-м дийца а ца оьшура. Бехк ма биллалахь, Аьрзу, ахь садоӏӏушехь, цхьа-ши дош ала воларх вахвели со.
– Баркалла, Къосам… Суна ала луург, амма ала суна ницкъ цатоьург дерриг эли ахь… Берриш керстанаш вешан мостагӏий бу, бусалбанаш доттагӏий бу моьттура вайна. Шина а агӏор галдевлла хилла… Селханлера де дукха тера дара дӏадаханчу ӏай Шелахь, Сту бийначу арахь… вайна тӏехӏоьттинчух… Хӏетахь карахь герз доцуш шайна тӏебогӏучу вайнахана йаккхий тоьпаш йиттира паччахьан эскаро… Оцу салташца цхьа оьрсий… цхьа керстанаш хилла ца ӏара… Инарлина Тумановна йуххехӏиттина бара, цуьнан багах даьлла омра сиха кхочушдан кийча, нохчийн эпсарш: Къурмин Къосам, Вахӏабан ӏоду, Чермин Орца, Мустапан Махьмуд, Мустапан Девлатмирза, кхиберш а, молланаш а цхьаьна. Селхана вайна йаккхий тоьпаш йиттинарш а бу бусалбанаш. Дерриг Маккхала бохучунна тӏедогӏу… Адамалла, къинхетам боцурш массо динехь а, хӏор а къомехь а нисло… Дин, къам олу вай, амма дерриг цхьана Дала кхоьллина цхьа адамаш ду… Вайга гӏоьрттуш ӏазапехь, балехь, халонаш ӏуьйшуш бу и… вайна гина оьрсий, гуьржий, эрмалой, туркой, гӏажарий, курдой… Тайп-тайпанчу къаьмнех, динехь бу уьш… амма кхоллам цхьаъ бу. Тахана дуьненахь, кхана эхартахь а вайх къасталур боцуш, цхьа мисканаш бу…