– Ой, оццул цаьрга безам боцуш хьо хилча, цкъа топ кхоьссина а, царна дуьхьало ма ца йира ахь? – ӏоттар йеш, велавелира ӏоса.
– Сан декхар шарӏ кхайкхор ду!
– Дера, ду, Шахьби, ахь дуьйцург а шалха хабар. Нах мацалла леш бу, боху ахь, ткъа хьо, масех урд латта дола а даьккхина, дийнна бажа даьхний керта а лаьллина, ӏа. Нах ӏедална дуьхьалтоьттуш, хьайна йуьстах ӏан лаьа хьуна. Нахана цӏий а догӏуш, хьуна шура хир йац. Цулла а, ӏадъӏе, диканиг, ӏедало хьайга боххург нахе дӏа а кхайкхош. Оцу хьан багано ваьхьна Сибрех тасахь, цхьана а Далий, диной цӏаверзор вац хьо.
Шахьби, дуьхьало йан ца хӏуттуш, дӏатийра. Тховсалера дов дуьххьара дац йуьртан дайшна йуккъехь. Ӏедална хьалхахӏоьттича, кӏеза санна, хьесталахь а, Шахьбина валлал ца безара оьрсий а, цара деана керла ӏедал а. Багахь хӏуъу бахахь а, хьалхалера маршо йац. Дӏадолийна динан муьлхха гӏуллакх, ӏедална дуьхьал а лорий, молланаш хьийзабо. Дан мел могуьйтучунна сиз а хьаькхна, цул тӏехваьллачун ӏожалла Сибрех хир йу, аьлла цаьрга сардало. Цхьа а де дац тешам болуш. Бакъду, ӏедало боххург деш ӏийча, гай тӏе мӏараш хьоькхуш, таккхал вехийла-м дара. Кху ӏай Шелана уллохь хиллачу гӏуллакхо дуккха а молланаш кхетаме балийна. Уьш кхиъна шайн некъ оьрсийн ӏедалца хиларх. Амма Шахьби кхета тигац. Паччахьан ӏедал мел дика делахь а, цунна гергахь иза керстанан ӏедал ду, ткъа керстанаш цкъа а шайца машар хила йиш йоцу бусалба динан мостагӏий бу, боху цо. Церан ӏедало лаьцна вигна цуьнан устаз Киши-Хьаьжа. Шелана уллохь байъина Киши-Хьаьжин уггар тоьлла мурдаш. Сибрех хьовсийна Нохчийчуьра уггар баккхий молланаш. Хӏан-хӏа, Шахьбин цкъа а машар хир бац керста ӏедалца. Машар хир бац цунна муьтӏахь болчаьрца а. Амма кхин тӏехваьлла хӏума дан ницкъ а бац-кх.
Оцу буса оццул хаза къийрина са кхолийра тӏаьххьа йукъадаьллачу гӏуллакхо. Цул тӏаьхьа, мел гӏертарх, къамел ца дозаделла уьш, хӏусамден ӏодика а йина, арабевлира…