Оьрсийн хӏор а ахархочун санна, декъаза хилира Лопуховн доьзалан дахар а. Ӏуьйранна са ма-тесси помещикан кхаш тӏе балха боьлхура, суьйранна бода боллалц цунна букъ сеттабора. Цуьнан йалта ца дийча, шениг доьйла йацара, цуьнниг чу ца дерзийча, шениг чудерзадойла йацара. Тӏаьхьа дӏадийна йалта мегарг ца кхуьура йа йокъано хӏаллакдора. Хьийкъина кхиъна йалта лай кӏел доьдура дукха хьолахь, баринан йалта чу ца дерзийча, шайчунна тӏегӏойла доцуш. Мацаллел а, къоьллел а садетта халаниг бариний, цуьнан йалхоший сийсазбар дара. Бераллехь хьоьгу хало-м хӏун дара, эхье мел дерг ловра цара къоначу хенахь. Васалан а йара йеза йоӏ. Цуьнан дуьненан самукъе, вахаран ӏалашо. Цунах ваьлча, ша лийр ву а моьттуш. Аьрха Маринка. Амма барино къанвелча а ца йуьтура шен акха амалш. Лела а йина, цо луларчу помещикца тоьллачу жӏаьлех хийцира Марина а, Васалан жимахйолу йиша Полина а. Ткъа Василий салтана Кавказе хьажийра. Нохчийчу. Кхузахь цунна хьалхахӏиттира цкъа а дуьйцу ца хезна буьрса лаьмнаш. Сийначу вертанах хьаьрчича санна ӏохку шуьйра раьгӏнаш. Цигахь деха хӏокху маситта шарахь шен маршонехьа турпала къуьйсу нохчийн жима халкъ.
Къиза дара кхузахь иза ӏазапе лаца веанчу салтичун дахар. Цхьа минот а йацара кхерам боцуш. Хӏор а минотехь вожо тарлора нохчочун тоьпан дӏаьндарго. Амма йоллучул хала йара тӏеман муштра, походни дахар, эпсарийн йаппарш.
Суьйренашца казармашкахь салташа шайн иллешкахь олуш ма-хиллира:
Гӏоли йу дуьнен чу цавалар,
Салтичун дукъ уьйзуш лелачул.
Дуьне мел ду лоьхуш леларх,
Карор дац цул къиза дахар.
Со Даймехкан гӏарол ву,
Цӏеша буьзна сан букъ бу.
Со Даймехкан гӏортор йу,
Буй-тӏара суна совгӏат ду…
Схьавеана шо далале цуьнга кехат кхечира, нана йелла аьлла. Шолгӏачу шарахь да кхелхира. Василийн догделира дуьненах. Кхуза кхаьччахьана дуьйна цунна сих-сиха хезара, дуккха а салтий нохчашкахьа буьйлу бохуш. Нохчийчохь йу, бохура, цара а, церан дайша а дукха сатийсина маршо.