Берриг а имамца Гунибе дӏабахара. Тӏаьххьара минот тӏехӏотталц лата, къийсамехь эга. Кхин некъ бацара царна. Хаьара, паччахьан инарлийн каракхаьчча, шайх хиндерг. Цундела цара тӏаьххьара а сацам бинера, шайн халкъах, даймахках а бовлуш йеза эцна маршо йорах дӏа ца йала. И сацам кхочушбира цара. Дагестанан лаьмнашкахь уьш ийгира турпала леташ.
Василийна дагайеара Шемалан тӏаьххьара а диван. Июлан къовкъаме де дара иза. Гунибе йухабуьйлурш суьйлийн цхьана йуьртахь садаӏа севццера. Имам чохь сецначу цӏийнан неӏарехь хехь лаьттара Василий. Йиллинчу неӏарехула цунна гора оцу шина баттахь къанвелла, азвелла, букархьаьвзина Шемал. Макхйеллачу йуьхьа тӏехь хӏинца генара а гора луьста, борц санна, даьржина кегий тӏедарчий. Белшаш йу гӏорасиз охьайахана. Когаш чучча а боьхкина, стоммачу истанга тӏехь хиъна ӏа иза зиндан чутесначу тутмакхах тера хета Василийна. Дикка хан йу имам иштта тийна, ойлане ӏен.
Хьанна хаьа, оцу къеначу имамо стенан ойла йо. Шен дахаран тептар цхьана маьӏӏера дуьйна хоьрцуш хила а тарлора. Ткъа и тептар дуьзна ду цуьнан ирсечу а, бохамечу а денойх, толамех, эшамех. Дукха ду оцу тӏехь турпала хьуьнарш а, ледарлонаш а. Доцца аьлча, хийцалуш ду дуьненан гӏуллакхаш.
Къоьлла къикъвоьллачу шен ден Доного-Махьмин кӏантах, шех, Дагестанан имам муха хилира. Тӏаккха цигахь, цхьанна тӏаьхьа кхин хуьлуш, хилла шен эшамаш. Махкахоша эккхийна вахана ша Нохчийчохь туш лахар. Тӏаккха хӏара тӏаьххьара а ткъа шо…
Хийцалуш ду-кх дуьненан хӏума. Тахана воьлу, кхана воьлху. Тахана, пайхамаран санна, сий ду хьан, кхана, сагӏадоьхурган санна, сий дов, наха йуьхьа тӏе туйнаш детта хьуна.